Нохчийчоь Эртанара Хедин Зиярат Зазадоккху-бутт 28, 2016 Елхоев Леча Хууш ма-хиллара, бусалба нахана юккъехь дика вевзачу Кунта-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) нана Хеда дIайоьллина меттиг Веданан кIоштерчу Эртанахь ю. Деле гIодар а, дарбадар а доьхуш, эзарнаш адамаш догIу Хедин коша тIе массо а маьIнера.