Your browser doesn’t support HTML5
Баккхийчара тоьшаллаш дарца, хIинцачул 40-45 шо хьалха,жимма а хи йистехь сацавелча, ган йиш а йолуш, кхиссалуш чIерий хилла Терка чохь. ХIинца иза аьттехьа а дац. ЧIерийлецархоша шаьш ма-аллара, адамо даъал хаза, нисделла нIаьний тIе доьхкина, маIарний чукхиссича,сахьташкахь хан йолу нIаьна хьа ца беш. Стенна?
Бахьана хIун ду? ЧIерийн жигаралла сел лахъялар аша муха кхетадо ? Цу могIарерчу хеттаршна жоьпаш лохуш ас 100 чаккхарма гергга некъ тоьхна Соьлжа гIалин кIоштан Дойкар –эвлара хьала Теркйист кIоште, ХIирийн мехкан дозане кхаччалц. Шен цIе йоккхийла ца лиъначу чIерийлецархочо Правобережни - Аьхкина барз олучу юьртарчу вахархочо чIерий дIалакъаран ши бахьна далийра суна- ДегIастанара хьала ца дахкийтар,ток етташ хIаллакдар а.
ЧIерийлецархо: « Схьа ца дохкуьйту Дагестанера. Ток етташ дойуш а ду. Цаьрга хIума ала ,уьш совцо да а вац».
Хам-пусар ца деш Iаламна бечу харц тIеIаткъамах,тIалам боцуш чIерий дайарх, мелла а шуьйра дийцира Дойкар эвлара хица хьала 30-35 чакхарма лакхахь Iуьллучу Теркйист кIоштан Лаха-Неврерчу вахархочо, вахчавеллачу чIерийлецархочо Эльмурзаев Висхана. Сан хеттаршна ,ша хIун дуьйцу а хууш цо делла жоьпаш ишта дара.
Эльмурзаев: «Ас чIерий лоьцу дукха хан ю. Советан Iедал долуш дукха дара чIерий.Чукхуссушехь лоцура цу хена. ЧIерийгIаролхой шайн болх беш бара. Харцонаш яцара. Ток етташ стаг ца хаалора. ДIаьвше диларш кху Терка чу хеца а ца бахьара хIетахь.
ХIинца кехат тIехь бен Iедал дац. Iедалан белхалой шаьш хьалха а бевлла,шайн бригадаш а кхоьллина ,дийнахь а.буса а ток йоьттуьйтуш бу. ДуьнентIе м ел йолу хIума чу кхуьссуш,гранаташ масала, лелхарш деш харцонаш лелайо. Нахе хIумма а далур дац Iедал ша меттах ца далахь. Цу тIе Нохчийчохь бен дац хьуна и акхаллаш.
Ур-атталла оццу Новр кIоштехь а ца леладо кхузахь лелош дерг. ХIорш эрчонаш ю кхара лелориг. И лелош берш муьлш бу а хаьа,мичара бу а хаьа,амма совцош бац.Мелхо а низамхой царна гIортораш а хилла Iаш бу.»
ХIирийн махкаца доза долчу юьртара,Малхбузехьа кхин а 40 чаккхарма лакхахь Теркаца яхъелла Iуьллучу эвлара ву Муса. ЧIерий лецарехь ша зеделла стаг хилларе терра, Эльмурзаев Висхана дийцинчуьнца шалха ца долуш къамел дара цо динарг а. ЧIерийн хаъал лахдаларх,церан къоьллех доладелира иза.
Эльмурзаев: «Бегашена муьрг ца тухуш суьйранга воьдуш де а догIу. ЧIара бац. Дийнахь а ,буса а ток етташ бу хIурдкеманаш тIехь. ДIо-о лакха хьала а боьлхий ,ток етташ охьабогIу. И чIерий лардеш бу боху Iедалан белхой бара,дависарг,совцо безаш. Iедална хаа а хууш лелаш зуламхой бу. Орца деха меттиг бац кху махкахь».
Iедалан балхахь болчара,Iаламна гIароллехь латтар коьрта декхар долчара шайгара юьйлийта харцонаш Iеткъа а Iеткъаш,амма дан хIума а доцуш Iаш берш дукха бу. Цара сатуьйсу Iалам лардар декхар долчу министараллашка а, урхаллашка а низамана тIера а болуш, гIиллакхехь,ийманехь,хьарамлонаш шайна могуьйтуш боцу, дуьйцург а.лелориг а цхьана а догIуш,делах кхоьруш куьйгалхой бахкаре.