Iамеркан конгрессан республиканхойн куьйгалхоша Джон Керрига гена ма вала аьлла дIахьедина, ГIажарийчоьнна дуьйненан нуьцкъала пачхьалкхашца бинчу зарратан герз кхиоран бартах экономикан пайденаш эца гIодарехь. Ткъа и дIахьедар дина охан-беттан 22 дийнахь Нью-Йоркехь ГIажарийчоьнан арарчу гIуллакхийн министран Джавад Зарифанан а, Керринан а цхьаьнакхетар хилале хьалха. Керрин дешнашца, цу цхьаьнакхетаран Iалашо - йуьсучу санкцеш бахьанехь ГIажарийчоьнан экономикан балнаш байбарна новкъарло йо боху ГIажарийчоьнан саготтонаш хьесапе эцар ю.
Охан-беттан 21-чу дийнахь, конгрессан цIийнан куьйгалхочо Пол Раяна дIахьедира: “Вайн администрацино, шеко йоццуш, ГIажарийчоьне долларан а, Iамеркан финансийн системана тIекхочийла хилча, цунах ГIажарийчоьнне вончу хIуманна пайдаэцийта мегар дац”. ЦIийнан дуккхаллийн республиканхойн куьйгалхочо Кевин МкКартис, Раянан саготтонашна тIе а товжуш, твитерехь яздира: “Вайн ГIажарийчоьнна долларна тIекхочийла лойла дац”. И тайпа дина дIаьхьедарш долушшехь, Iамеркан Iедалан Департаментан зорбанан секретаро кху беттан 21 дийнахь элира санкцеш яйъяран хьокъехь хаттар дийцаршкахь хир ду, аьлла.