Говзачу пхьераша - Нохчийн Меттан Денна
Соьлж-ГIаларчу Журнаистийн майданахь хIоттийна куьйган говзаллин гайтам "Пхьеран суй".
Маьждиг.
ГIалин бахархой баьхкинера нохчийн васташкахь бинчу белхашка бIаьргтоха.
Тоххара, ярташка газ кхачаяле, хIораннан а хIусамехь хуьлура дечиг хадон хIара гIирс.
Пхьар ву шен белхан къайленаш йовзуьйтуш хьовсархошна.
Дечиган бошхепахь нохчийн хелхар дечу шиннан сурт.
Дечиган шада, йол харца а, кхин а цхьацца дезарш дан а оьшу гIирс.
Дечиг-пондар.
Дечигах хьалахIоттийна маьждиг.
ЦIа - бIов. Селхане - тахане.
Аьрзунаш.
Ненан меттан башхалла йовзуьйту васт.
Говзанчо кхоьллинчу дахаран кийсак.
Пондарчийн къайленаш зуьйш бу хьовсархой.
Дечиг пхьеран корматалла.