Your browser doesn’t support HTML5
ТIаьхьенна дисна цIа
Ас хIоразза а мах буьйцура йоккхачу стагаца. Йоккха стаг реза ца хуьлура: «Сан цIа дика ду хIинца а, – олура цо, – цу мехах лур дац ас. Итт соти латта а ду. Беш гой хьуна?»
Латта-м дан а дара шортта. Ши бIар а дара цу кертахь. БIараш сайна тIеийзалуш санна хийтира суна, дуьххьара тхаьш вовшашна гича. Уьш кхоъ хила дезара. ХIинца шиъ бен ца диснера. Ас дагахь бехк баьккхира царах, накъост вайарна. Уьш дист а ца хилира. ТIаккха со меллаша хьаьжира цаьрга, геннара, дерригенах а суо кхетийла хоуьйтуш.
«БIараша чIогIа пайда бохьу, – йистхилира йоккха стаг, со цаьрга хьоьжуш гича, – сан майрачо шен куьйга дIадийна ду хIорш. ЦIа иштта охьакхоссалур долуш яц со, кIант… Хьуна ца хаьа иза, ша ваьхна керт, дагалецамаш…
Цхьа стаг мукъа а сайн кхузахь хилча, дIагIур яцара со. Цхьа а вац-кх! Цундела яла Пскове дIаяха лаьара, сайн ши йиша а, нана а дIайоьллинчу юьрта. Цхьа йиша дийна а ю сан».
Йоккхачу стага, чу мосазза ваха, чай хIоттадора суна, комарийн варени а хуьлура цхьаьна. Цамгарна чIогIа дика хуьлу хIара, олура цо, аша-м башха лара а ца лору и хIумнаш, олий.
Со гIийлла велалора, пенах кхозучу суьрташка а хьожий. Суьрташ дукха дара цу чохь, гуобаьккхина.
«ХIара сан майра ву, – гойтура йоккхачу стага, – ткъа хIара – со. ЧIогIа хаза яра со хIетахь. ЦIийндена хьераваллал езара со. Велира иза, сан карахь ши бер а дуьсуш. Со кхин маре а ца яхара. КIант Маскох веха сан. ЙоI-м Псковехь ю, гIалахь. Цуьнца-м Iийр яцара со, къена стаг хьанна оьшу? Юьртахь соцур ю-кх, сайн дай-наний Iийначохь. Стохка яхана хилла со цигахь. Массара а дIакхойкху, дIайола бохуш. Хьо хиллий цкъа а Россехь?»
ХIаъ, со хиллера Россехь, Сибрех а евзара, Казахстан а лайнера. ХIора а меттиган амат хуьлура цигарчу нехан. Иштта хуьлуш хиллера кхузахь а. Иза суна Нохчийчу цIа веъча хиира, дуьххьара кхузара меттигаш гича.
Сан дедас чIогIа сагатдора лаьмнашна. Цхьана декхначу дийнахь стиглахь мархаш гича: «Йий, кеста яла, мархаш, шу, тIетовжа лаьмнаш а доцуш, бай санна, гIийла лела-кх шу а», – олура.
Цо дуьйцу лаьмнаш суна ган а ца гинера. Со новкъахь винера, шолгIачу мартехь.
Военкомо вина меттиг хаьттича, ас цIерпошта чохь вина элира цуьнга.
Цо стоьла тIе буй туьйхира тIаккха, «прекратить»I , олуш. Со ца кхийтира.
Кхин цкъа а ца кхийтира со иштта, тхайн юьртан комендантана тIе суо шоферан курсашка деша вахийта аьлла вахча.
Цо цIе хаьттира.
Дауд.
«Та-а-ак, Дауд! Дауд ю элирий ахь хьайн цIе? Хьо шофер а вахна, машен хоьхкуш лелча, рема хьан яжор ю?» – шен шина пIелга юккъехь боллу къолам аьртачу агIор цхьанаэшшара стоьла тIе бетта болийра коменданта.
Бекбаев Мухтар ву сан метта хир волуш, цо рема дIаоьцу, элира ас, боккъал иза тешо а гIуртуш.
Комендантан бетан аьрру агIо елаозаелира: «Яхийта кхузара чехка, – нийсса бIаьра хьаьжира иза, цхьа цкъоцкъам ирах а доьдуш, – тахана бежехь цахиларна ас хьуо чуволлале».
Соьга дедас дийцира тIаккха, комендант бакъ хилар: «Вайн буйнахь шед хила ма еза, ва кIант, – элира цо, – машенан чкъургаш чIогIа сиха ма ю», – аьлла.
Юха со а кхийтира.
Хиллера со, хIаъ, Россехь хиллера, Сибрехахь а, Казахстан а евзара дика. Гуьйре чIогIа хаза юлура цу мехкашкахь, кIайчу декхнаша дашон бIаьрхиш а Iенош. Хаза меттигаш яра.
«Суна дагадогIу, – дуьйцура йоккхачу стага, – шу дIадохийна де, муха ца догIу! Со йилхира цу дийнахь, хIокху корах ара а хьоьжуш (некъерчу коре пIелг хьажийра цо). Цхьа а ара ца волуьйтура. Кора дуьхьлара киса дIа а оьзна, йоьлхуш лаьттира со, нахана тIаьхьа а хьоьжуш, Николай а воьлхура соьца нийсса. Дала бекхам-м бинера цунна, Мавзолей чуьра ара муха кхоьссира, Иуда! Жоьжахати цунна цхьанна а тоьар яц, ерриш а юзур ю цо ша».
Со тешара, цхьаъ-м цо юзург хир яра, цуьнан къиноша, ткъа вуьйш хьанна ю те, уьш дуккха а ю ма боху, и жоьжахатеш?
Йоккхачу стагаца дехха къамелаш дора ас, кест-кеста цIийнан мах а хьахош. Иза елалора, дацаре корта а ластабой. Цунна ца хаьара, хIара цIа суна хIунда деза. Ас кхин дIа а ца олура, иза дуьхьалъяларна кхоьруш. Эцца лулахь ду хьуна цIа, дукха а ца доьху хьуна. Иза хIунда ца оьцу ахь, ткъа бIе туьма а делла? Ас ткъе кхоъ доцуш лур дац, латта ца го хьуна сан? Лаьттах ма ло гIалахь ахча. ЦIа ледара долуш-м ца боху-кхи ас сайн. Майра дикчу гIуллакхехь вара сан, къахьоьгур долуш а вара чIогIа. Цундела кхачам боллуш ма дира цо хIара цIа. Кораш гой хьуна, мел даккхий ду!»
Кораш дан а дара даккхий, шалха раманаш а йолуш. Шуьйра яккхий чоьнаш а яра цу цIийнан. Тхов а бара лекха.
«Дика даккхий дина-м хилла хIорш, – элира ас, – оьрсаша жима ма дора цIа», – аьлла.
«КIезга хIума-м дезаш, хьаха, вацара иза, – элира йоккхачу стага, – шу мел дукхадезара цунна! Кест-кеста воьлхур вара хьуна, къам цIера даккхар доккха хIума ма ду, Марина, дийна къам цIера даккхар, бохуш, къа а доьхуш. Махьмуд цIе йолуш цхьа доттагI а вара цуьнан, нохчо. Ма дукхавезара Николайна иза! Ша валлалц багара охьа-м ца виллира. ХIора Iуьйранна бохург санна олура, гIенах Махьмуд ма гин суна, Марина, сийсара, олий, бер санна, вела а лой».
Йоккха стаг дIасоцура, ойланашка яхча санна. Со а Iара Iадда, чухула дIаса а хьоьжуш. Суна и чоьнаш евзара, хIора хьостам а тIехь, аннаш мичхьара деъна ду а хаьара, муьлхачу хьуьнхара ю торпалш. Суна чIогIа теша лаьара йоккхачу стага дуьйцучух, цуьнан къамелех, ойланех.
Со ца тешара.
Цкъацкъа-м иштта хуьлийла а лаьара, цо ма дийццара. И иштта ца хиллера. ТIаккха ала дог хуьлура, иза кхечу тайпа дара, хьо дукхаяхарг, бакъдерг ас дуьйцур ду хьуна аьлла.
Ца алалора.
«ХIара цIа хIунда деза хьуна къаьсттина, кхин а ма ду цIенош, хIара доцург а?» – цIеххьана хаьттира цо соьга цхьана сарахь (мах буьйцу дикка хан яьлча), шеко кхоллаелча санна.
Ас меттиг хастийра, гIалина юккъехь а ю, латта а ду шортта, дика цIа а ду аьлла.
ТIаккха иза елаелира: «Иза а бакъду хьан, дика меттиг ю хIара. Делахь а цу мехах-м лур дац ас, хьуна хала а ма хета», – олуш, бIаьра а хьаьжна. Ас гIийлла велааьшна дира, куьйгаш дIаса а тосуш, «хIун дер цунна» бохуш санна.
ГIалахь доьшуш даьккхинчу пхеа шарахь хийла цу цIийна уллохула дIасаихнера со. Кертана тоьхначу аннашна юккъехула чухьожура, уьйтIе ган дагахь. Суна ши бIар гора хIетахь а, кхоъ хила дезаш санна а хеташ. «Цкъа-м схьаоьцур ду хьуна ас хьо», – ойла хуьлура хIоразза а. Эххар а стохка гира: «ЦIа духкуш ду, муьлххачу а хенахь хатта», – аьлла, кевна тIе яздина. ТIаккха со дуьххьара чоьхьавелира кевнах, аьтту ког хьалха а боккхуш. Со тIулг санна латта висира, меттах а ца валалуш. Суна дагадеара дерриг а.
– Хьо хьаьнга вогIуш ву, жима къонах? – хаттар хезира.
– Кхуза…
– Мила везара хьуна?
– Цхьа а.
– Муха цхьа а?
Ас цхьаъ дийцира цуьнга хIетахь. ХIинца дага ца догIу.
ТIаьххьара йоккха стаг йолчуьра дIавахча, дуккха а лийлира, кхин юха ца вогIуш, хIун дича бакъахьа хир дара те бохуш, ойланаш еш. Сан кхойтта бIе туьма бен дацара. Иза а хала вовшахтоьхна а дара, доьзална пхьор а эшош, тIе а, кога а ца духуш, наха санна. Юха царах хьега а хьоьгуш, хIетте а са а детташ. Я хIинца итт бIе туьма лаха меттиг а бацара сан. Наха лур а дацара, пачхьалкхан алапах воллучу соьга оццул ахча духалург.
Юха а цIа эца а лаьара чIогIа, цу чуьра аравийла, цуьнга хьежа, сайн долуш санна, цу чохь охьавижа, ехха шуьйра паднар а йина…
ХIуъа дина а, цхьа ворхI бIе туьма вовшахтухур-кх, йоккха стаг ткъа бIенна тIе охьа а яккха аьлла, вахара со цхьана сарахь.
Ков къевлина дара, догIа а тухуш.
Юха шолгIачу сарахь а веара со иштта. Цхьа а вацара.
ТIаккха лулахошка хаьттича, цара иза Пскове яхна элира, йиша кхелхинчу. Цуьнан йишин цхьа а бер дацара, тIетуьйхира цара, хIара цхьа йиша йоцург, кхин чоьхьара стаг а.
Лулахошна йоккха стаг цIа маца йогIур ю ца хаьара, шина кIирнах я баттахь алар бен. Суна иза оьшура. Цо цIенош сихха духкур дуйла хаьара суна хIинца, мах ца къийса а там бара сел чIогIа.
ВуьрхIийтталгIачу сарахь карийра суна иза. Сайна хуучух кадам а бина, дIавахара, цIенош хьахор башха тамехь а ца хетта. Юха кхоалгIачу сарахь со юхавеъча, йоккха стаг цхьацца хIумнаш вовшахтухуш йоллура, коьрта Iаьржа йовлакх а тиллина.
«ДIайоьдуш ю со, кIант, – элира цо, – дIайоьдуш ю… ЦIа дохка мах а хилла сан, ткъе шиннах эханнах. Цигахь йишех дисна цIа ду сан хIинца. Цуьнан весет хилла иштта… ЧIогIа къинхетаме стаг яра иза, миска».
Ас ткъе кхоъ лур ду элира айса, лаахь – ткъе пхиъ, ткъе итт а.
Иза цеце схьахьаьжира.
Ахча схьа маца да хьуна, тIетуьйхира ас, иза йистхила кхиале.
«Хьан ахча дан ма дац, кхойттаннах ма ца духку ас, хьо нийса ца кхетта хьуна», – элира цо.
Ас дош делира, Iуьйранна бархI сахьт далале ткъе кхоъ бIе туьма а дохьуш, суо кхочург хиларх иза тешош.
Цуьнан бIаьргаш соьга хьаьвссинчохь севцира.
Исс долуш кхечира со, цу буса таксица сайн тайпана мел волу стаг волчу а хIоьттина, набаран суй а банза, тIоьрмиг чохь ахча а долуш. «Со Iехош хилла-кх ахь, – елаелира йоккха стаг, – хьайн ахча дац бохуш! ХIетте а со шек-м яр-кхи хьох, дера яра. Баккхий нах лебар хаза ма дац!»
Ас гIийла велааьшна дира, гIиллакхна. Дуккха а хIумнаш хиллера цуьнан контейнерца дIаяхьийта езаш: ишкапаш, диванаш, пианино, цхьа масех бIе книжка. Соьга шена гIо дар дийхира цо, шовзткъе итт туьманна охьаер ю ша а олуш, охашимма бинчу механа.
Ас мах ца бохийра.
Цуьнан и берриг пал новкъабаьккхира охашимма, куьгхьаьккхина, цхьа чамдий, тIоьрмиггий бен, тIаьхьа хIума ца дуьтуш. Уьш цо шеца карахь дIахьур ю ша элира.
Йоккхачу стагана мегарг са гуш ца хиллера, цундела хIора кехат а, квитанци а деша дезаш хуьлура, чулацам бовзуьйтуш. Дукха кехаташ хиллера йижарша кхуьнга кхехьийтина, кхуо цаьрга дIакхехьийтинарш а дара, йижарех цхьаъ елча, церан бераша схьадахкийтина. Уьш цо Iадда дитира, шега кхехьийтина кехаташ новкъа а даьхна.
И дерриг хIума хьалха-тIаьхьа даьлча, лулахошца цхьа буьйса яккха сецира иза, кIиранан суьйранна йолчу цIерпоштана билет а эцна.
Со цхьацца куьйгаш детташ воллура айса эцначу кертахь, нехаш дIайохуш, кехаташ дагош, новкъара хIума нацкъара йоккхуш. Суо цу кертахь мел воллу, ойла йора ас, дIаала ас цуьнга я ма ала бохуш. ДIадийца лаьара. Юха хила хIума доцийла а хаьара дийцина а. ХIетте а ца Iалора, «хIинций-хIинций» бохуш, дерриг а хьалагIерташ. Кехаташ дагош со воллуш, цIеран алу тIекхачаза йолчу цхьана кехат тIехь «нохчий» боху дош гира суна. Кехат схьаийцира. Дийшира тIаккха, меллаша когаш тIе охьа а лахлуш. Со дуккха а Iийра, ойланашка вахханчохь. Юха гIеххьа метта а веъна, цхьана дечиг тIе охьа а хиъна, цхьанна тIаьхьа кхин хаддаза цигаьркаш а уьйзуш, буьйса йолийтира.
Йоккха стаг кIирандийнахь кешнашка яхна хиллера, шен майрачун Iодика ян. «Хьо вогIур вуй деца Марина новкъа яккха? – хаьттира соьга лулахоша. – ЦIерпошта буьйсанна итт даьлча ю хьуна», - аьлла.
Сарахь жимма дохк таьIира тIе, цхьа тIеда дерз а долалуш. Вокзал а яра тIеда. Йоккха стаг йоьлхура, шен хиллачу лулахошна мара а етталуш. «ХIокхарал дика лулахой бац хьуна кхин», - олура соьга, бIаьргех йовлакх а хьоькхуш.
Ас корта ластабора.
ЦIерпошт а кхечира схьа, генара дуьйна мохь хьоькхуш, саьрмиках терра яхъелла, «чуф-чуф» деш, мерах шок а етташ. Нах хьалхий-тIаьхьий, цхьа ларам а, гIиллакх а доцуш, цхьабосса аратеттабала буьйлира вокзала чуьра, тIоьрмигаш а текхош, маьхьарий а детташ.
Йоккха стаг а хьаьдира хьалха дIа, йоьалгIа вагон а хоьттуш нахе. Лулахой а уьдура. Со, карахь йоккхачу стеган чамда а йолуш, генна тIаьхьа вогIура, тахана масийттазлагIа сайга хоьттуш, дIаала ас я ма ала, хIун до аьлла а, ца аьлла а хIун до бохуш, айса-сайца къуьйсуш.
Йоккха стаг, тхуна массарна а мара кхетта, вагонан ламеш тIера тхоьга куьг а ластийна, къайлаелира.
«Схьаийна стаг яра», - элира цхьамма.
«Мел дика Iийра вай!» - вукхо.
«Хала-м хета…» - кхозлагIчо.
Со вист а ца хилира. Со ца тешара, хIара дерриг а иштта ду бохучух, чекхдаьлла бохучух, айса хIумма а дIа а ца олуш цуьнга, я ала а ца гIуртуш.
Вагонаш меллаша дIатекхира узаршца, цкъа чIоггIа тоха а елла, цIерпоштан йохалла. Цхьа-ши кор а делира тIех. Цул тIаьхьа кхоъ, диъ, пхиъ. Юха ялхалгIа, тIаккха - дерриш а. ТIаьхь-тIаьхьа сихлуш, цIеран суйнашца чекхлелхаш дIадайра кораш. ЦIерпошт а дIаяхара, цуьнца - йоккха стаг а.
Ас хIумма а ца элира. Суна цIерпоштан гIовгIанехь сайн деда дуьхьал хIоьттира, цуьнан гIийлла мархашка хьежар, цо наггахь доккхуш хилла са, бIаьрнегIарш тIе а дохкуш. Цунна Нохчийчоь гуш хиллера, цуьнан лаьмнаш, царна, лаба санна, тIетаттаелла кIайн садоьIу мархаш. Я шен цIенош гуш хир дара цунна, Соротара бугIанашца тIеш а кхоьхьуш, ша дина хилла долу, хIинца ас ткъе кхоъ бIе туьма а делла, сайн дола даьхна лаьтта, йоккхачу стагана шен йишин цIа санна, тIаьхьенна а ца дуьсуш.
«Кхо бIар дийнера ас цу керта», - олура дадас кест-кеста.
БIар хIинца шиъ бен ца диснера. Аьрру куьйган кхо пIелг бен бацара сан деден, цхьа ког а бара астагIа. И чевнаш цунна Деникинхойх леташ, Iалхан-Юьртахь хиллера, советан Iедал чIагIдеш. «Хьо цIерпошта чохь вира, - олура цо соьга, - и тиша некъ вай бохьуш, шолгIачу мартехь». Со а цу цIа чохь кхоллавелла хиллера ненан кийрахь. Юха цу чуьра дIа а вохийнера. Нана цу шарахь елла хиллера сан, Казахстане дIакхаьчначу бIаьста, мезаша юуш, дуо санна, еста а йина. Цунна яахIума лаха вахна сан деда, колхозан кIен пунт а лачкъийна, итт шо хан а тухуш, чувоьллинера.
ХIан-хIа, йоккха стаг ца йилхинера февралан Iуьйранна дIабохочу нахана тIаьхьа, ша суна гайтинчу корах ара а хьоьжуш. Со ца тешара. Суна хала дара теша. И цIа сан деден дара. Йоккхачу стеган кехат дара ас тахана дешнарг, цо Пскове шен йишига яздина долу: «Сан хьоме йиша, чIогIа сингаттаме кхаъ боккху ас хьоьга, нохчий, гIалгIай цIа бохкуьйту бохуш дуьйцу. ХIун дийр ду хууш-м дац тхо хIинца. Дала бакъ ма хуьлуьйтийла иза».
Йоккхачу стагана шийла кхаъ хуьлуш хиллера со сайн Даймахка цIа варах, сайн лаьтта, сайн дедех дисначу цIа чу.
ХIетте а ас хIумма а ца элира цуьнга. Со вехха тIаьхьа хьийжира иза дIаяхначу цIерпоштана. ЦIерпоштан тата эзар мохь хилла соьцура сан коьрта чохь, лайн кIуьрах пхенашца кхерстара, некъан бохалла шен кийрара декъий кIайчу лай тIе Iенош хьаьддачу цIерпоштан тата. Со кхийтира тIаккха, сайга йоккхачу стаге хIумма а ца аладаларх. Йоккхачу стагана ца оьшура сан хаттарш, цунна уьш хьашт а дацара, иза кхетар а яцара царах. Цу хенахь дуккха а ма ца кхетта цу хаттарех. Уьш кIезиг ма хилла, кхеташ берш, цхьа масех стаг. Йоккха стаг нисъелла ца хилла-кх царна юкъахь, хIун дер ткъа, хIун дер…
I987 ш.