Бексултанов Муса. (3 дакъа)

Нохчийчоь --Тевзана, 2016

Your browser doesn’t support HTML5

Бексултанов Муса. Iаки. (3 дакъа)

Бексултанов Муса. (3 дакъа)

Цо мел дуьйцучух тешара со, иза цIенна бакъдолуш санна, соьца нийсса – баккхийнаш а.
Кхано, воккхахила воьлча, берхIитта а, ткъа а шераш дузуш, кхийтира со, иза цара, баккхийчара, иштта схьавоьхуш хилла-хиларх, цо олучу цхьана дашна шекдовлар а ца гойтуш, денна-денна цуьнга ла а дугIуш, хIора дийнахь я дедда юкъа цунна цхьацца хIума а оьцуш, шен нанна сарахь чуяхьа. Нанас олу бохура тIаккха: Iакин сагIанах Iаш ю-кх со, Iакис кхобуш, – олий. Цу гIилкхах Iадат хилира, баккхийчара тхоьга схьа а делла, оха юха, цара санна, Iакига иштта ла а дугIуш, нанна хIума а йохьуьйтуш, кегийчаьрга лерам а бойтуш, эвхьаза дош алийтина а, Iакина вас ца хилийта. Iаки ша воккха вара, сан дел а, девежерийл а воккхох, цIера Казахстане дIавигна а волуш. Уьш массо а – баккхийнаш – Iакин хабаршна тIехь кхиъна а бара, хIинца тхоьга а кхаьчнера, тхан метта кхин хир а болуш, нагахь уьш адамаш хилахь.
Iакис дуьйцучух теша везара, ца тешча цо дегабаам бора, цу дийнахь кхин вист а ца хуьлуш. Уггар а цуьнан догдетIарг – велавалар дара, ша дуьйцучух велавалар.
– Все! Никогда больше, отморозки, пацанва… что вы видели… сопли да куриный помет! – хьалаоьккхура Iаки. – Дорогу мне, отойдите! – олуш, ша сацо гIертачаьрга.
ТIаккха дIавовра, цу дийнахь кхин гучу а ца волуш.
ШоллагIчу дийнахь сарахьуо гучуволара Iаки, юьстахуо сеца а соьцуш, шена тхо ца го сурт а хIиттош, шега дIакхайкхалц, бохуш, раз а, пурх а воьрзуш.
– Вай, Iаки, хьо вац хIара! Хьо хIун деш лаьтта, нехорошо, тIе а ца вогIуш, – «дегабаам» бора цхьаццамма, резавоцуш, корта а ластабой.
– Ладно, ладно… не заметил я, салаIалейкум! – Iаки схьа тIе хIуттура, хIораннан а куьг лоцуш, – есть что? – хоттуш, бета тIе ши пIелг а тухий.
– ДIахьада цхьаъ, хIун деш лаьтта шу, цигаьркаш ян Iакина… муьлха еза хьуна, Iаки?
– Да любые… лишь бы дымок шел… папиросы, – тIетухура Iакис, бен а йоцуш санна, папиросан цIе а йоккхуш.

Цу хенахь, суна вевзийначу хенахь, шовзткъа шо сов хиллера цуьнан, тIехьаьжча жима хетахь а. Месаш кIайн-хьаьрса яра, стомма ворта а, горга белшаш а къаьсташ, даим лелош йоца куртка а хуьлура. И куртка Iай а, аьхкий а лелош яра цуьнан, цкъа а тIера дIа а ца йоккхуш, кач ира а хIоттабой. Гуттарлера папироса а хуьлура багахь, маттаца дIасахоьхкуш, шен ира бохь болу Iаьржа мачаш а, уьш къаго киснахь бекъалг а лелош.
Iаки наггахь – районе я гIала вахча – милицис чувуллий, сацавора, де-буьйса а доккхуьйтуш: хатI тера дара вон лелачу стегачух, багара схьаоьху жаргон а. Хьиэ ца веш, дIа а хоьцура, хIара мила ву а хуий. Сержантан а, старшинан а чинаш долчу кегийчу наха шайца сецавора дежурствехь, сахиллалц цуьнца буьйса яйа, Iакин «леламашка» ла а дугIуш.
Иштта цхьана дийнахь, Iаки гучу а ца волу-те, бохуш, районе кино ян ваханчу киномеханике хьоьжуш лаьттачу тхуна, можа такси ги-кх, генна йоццуш соцуш. Чохь ши стаг а ву, вовшашна тIе а вирзина, куьйгаш дIаса а лестош, цхьа гIовгIа еш. Таксин неI чIоггIа тIе а тухуш, Iаки охьавели-кх чуьра, чкъургашка жагIаш дIаса кхуьссуьйтуш, таксист а ваха, чуьра схьа гIовгIа а еш: Iакис ахча дIа ца деллачух тера дара. Тхо гушшехь мохь бели-кх Iакига тIаккха: «Чемодан, деньги! – аьлла, шена тIе охьа куьйгаш а тухуш, юха, оцу сохьтта, – ай, пропади оно все пропадом , сколько ж их пропало», – аьлла коьртера охьа куьг ластош, тхоьга салам а делла.
Iаки тхуна тIекхачале, дIогарчу таксиста, юха а вирзина, ша Iаки охьаваьккхинче схьа а веъна, неI а йоьллуш: «возьми свое барахло, пустозвон!» – олуш, цхьа сийна сетка ластий-кх чуьра ара, сетки чохь тиша, ченех юьзна сандалеш а йолуш.
– Что это? – цецвели Iаки, – что это такое, сан да-нана хьакхийца далла, – сеткина охьа тIе а лахвелла, къен елла хIума лоцуш санна, аьтту куьйган шина пIелгаца сетка схьа а лаьцна, тIаккха, лаьттина-а, тхоьга схьа а хьаьжна: – сан да-нана хьакхийца далла, дац, чистая подделка! – аьлла, сетка кхоьссина дIа а йохуьйтуш.

Муьлххачу а хIумнах, бен дIа а доцуш, оцу сохьтта импровизаци йора цо, къемата хьуна дагадогIур а доцчух тIехь. Цкъа, жана тIера рагI схьа а хьейина, тхайн юьртана кочча жа дажош лелачу суна, Iаки ги-кх, белшех цхьалга топ оьллина лакхара охьавогIуш.
– Хьо талла ваханчуьра вогIу, Iаки, хIума-м ца йий ахь? – хаьтти ас, де дацдар а хир-кх аьлла, цо хIинца кхуллу долу ши къаьхьа къемат дагахь а долуш.
– Да-нана хьакхийца далла, дац, сан да-нана хьакхийца далла! – цецвели Iаки чIогIа, – сарралц леларх, кхин экха ца карийна, кIадвелла охьавогIучу суна, эцца Iинчохь, хоттала керчаш цхьа свиноматка ги-кх, IаIанан патарш санна долу и шен лергаш дIаса а лестош, йоллуш. Вот удача-то, аьлла, ас топ дIа тIе лоццушехь, цу хоттала юккъера тIехьарчу когаш тIе хьала а хиъна, хьалхара ши ког ирх а ойуш: «Хьайн нана лойла, Iаки, туха елахь, цIахь кегий хуьрцеш ю хьуна вайн якхо езаш!» – боху-кх, и догIа санна охьа а йилхина.
– Иди, – эли ас, – иди, сегодня твой день, ты – мать, а кто не уважает мать, тот – свинья! – аьлла. Дегабаам беш йоллу-кх хIара, шена свинья аьлла, бохуш.
– И свинья – мать, – эли ас тIаккха, – а мать – священна! – аьлла.
Сан да-нана хьакхийца далла, дац, это свинья, животное, так меня удивило, ну прям цIенчу нохчийн маттахь йист а хилла, разрази меня гром, со харцлехь!
– Нохчийн мотт откуда… как, где это ты? – цецвели со, прям мозги потекли..Цо хIун боху хаьий хьуна тIаккха соьга, цу хьакхано… послушай, вот это знаешь, прям мороз по коже…
– Тхо шух ма ю, – боху-кх, – от самой паршивой породы вашей, и мы, – говорит, – знаем все языки мира! Нохчийчьра хьакхарчашна нохчийн мотт хаьа бохура, гIазкхийн хьакхарчашна гIазкхийн мотт а хууш.
– Да хватит тебе дурковать! – ас аьлча, и чIарра, аьлла, гуьржийн а, хIирийн а, суьйлин мотт охьабуьйцуш йоллу-кх: мы же по лесам к соседям ходим, – аьлла.
И я решил: баста, все, кхин цхьанна а копытни животнина топ ца кхосса, и патроны я выкинул до последнего…