Пхи бер лазийна Федаралан некъа тIехь хиллачу некъан бохамехь

Нохчийчоь -- Камаз Кавказ федералан некъа тIехь, 2016

Шелан кIоштахь ВАЗ автомобил а, КАМАЗ киран машенаа вовшахкхетта. Лазийнчарех ши бер хIинца а дарбанан цIийнехь ду. И некъан бохам селхана хилира Кавказ цIе йолчу федералан некъа тIехь. Нохчийчуьрчу некъан полицхоша Кавказ-Узелерчу корреспондете "киран машен а, автомобил вовшахкхетча, пхи бера лазийнера" элира. Цул сов, машенана урхалла дийриг а лазийна цу бохамехь. Лазийна берийн хенаш пхинна шерана тIера исс шо тIекхаччалц ю. Бохам хиллачул тIаьхьа, уьш Устрада-ГIаларчу дарбанан цIийне кхачийра. Царах кхо бер лоьраша хьаьжначул тIаьхьа ца дахийтира, ткъа машенана урхалла дийнарг а, ши бер хIинца а лоьрийн Iуьналлехь дуьсу, йина чевнаш дера хиларна. Цигахь дуьсучу ши берийн пхи шо а, исс шо а ду. Цкъачунна, таллам бинчу талламхоша ВАЗ машенана урхалла дийначу бехкана хилла боху и бохам.