Your browser doesn’t support HTML5
Европерчу коьртачу гIаланашна юккъехь а ша-башха ю Лондон.
Цхьаболчарна иза еза цуьнан тайп-тайпанчу къаьмнех а, динех а болчу нахаца цхьатерра хиларна.
Вукхарна цигарчу лакхарчу Iер-дахаран стандарташна.
ХIинца амма Малхбузехь дуьххьара шен урхаллехь бусулба стаг хIоьттина волу коьрта шахьар хиларца шен толеранталлин а, мулти-култараллин а гIалин цIе тIечIагIйина Лондоно.
45 шо долу Лондонан керла мэр, пIераскан дийнахь харжамхойн 44 процент аьзнашца хаьржина волу, ван а ву Британин коьртачу шахьарахь дешчахьаний, цул тIаьхьа къахьегчахьаний муьлхачу а политикан я юкъараллин лакхене муьлха а стаг кхача йиш хиларан масала.
Лейборийстийн партин цIарах гIалин ден харжамашкахь дакъа а лаьцна, цу харжамашкахь тоьлла волу Хан Садикъ къоман пакистанхо ву. Бер долуш Британе кхаьчна иза шен доьзалца.
Цуьнан да, Лондонерчу къечу Тутинг кIоштахь ваха а веш, шен бархI бераца хене вала гIерташ, автобус тIехь болхбина ву къаналлина пенсе ваххалца. Ткъа нана хIумнаш тоьгуш болх бина ю.
Цхьа а бахьана дацара Хан Сидикъа сел лакхара карьера ян – цунна гIо деш тароне да-нана, я Британин лакхарчу гонашкахь зIенаш а яцара. Амма бакъду иштта нийса бIостанехьа дерг а- Хан Сидикъа и тайпа карьера ца ян а дацара цхьа а бахьана, хIунда аьлча Британехь а, кхечу Европан шахьаршкахь миллионаш кхечу мигрантийн ма-хиллара, цуьнан таро яра деша, бухарчу бахархойн доьзалшкарчу бераша доьшучу ишколашкахь.
Цуьнан таро яра иштта, дешна ваьллачул тIаьхьа къахьега а, шен Iалашонашка кхача гIерташ къар ца луш болх бан. Ткъа дешарий, къахьегарий – и ши догIа Европехь муьлхачу а къомах я динах болчу нахана аьттоне неIарш йоьллуш долу ши догIа ду.
Хан Садикъа цу шиннах а пайда а эцнера. Юристийн дешар дешначул тIаьхьа цуо дуккхаъ шерашкахь адамийн бакъонаш ларйархо санна болх бира. Лейбористийн я вуьшта аьлча, социалистийн хьежамаш болчу къинхьегамхойн партин декъашхо а хилира иза.
Цу партин куьйгалхочуьн, цхьана юкъана Британин премьер-министр хиллачу Браун Гордонан хьехамча санна а болх бинера цо.
Вуно интересе а, чолхе а яра Хан Садикъ гIалин коьрте кхачийна йолу харжамийн кампани а. Кхин хIуммаъ ца дийцича а, тоьуш хир дара, цуьнан коьрта конкурент Тори партин векал волу миллиардхо, аристократийн доьзалера волу Голдсмит Зак вара аьлла хьахийча а.
И ши стаг – къечу доьзалера бусулба иммигрант Хан Садикъий, Британин уггаре а таронечарех доьзалан тIаьхьенех волу Голдсмит Закий тергалвича, и шиъ санна вовшашна генара нах хила а йиш юй-те аьлла хеталора - дуьненчохь уггаре а алсамох пачхьалкхийн куьйгалхой арахецна ларалуш йолчу элитаран Итон университет чекхйаьккхина волу элийн цIийх ларалуш волу Голдсмитий, шайн куьйгашца ца динарг доцучу доьзалехь къеллехь хьалакхиина волу Ханний.
Вайнзаманахьлерчу Малхбузехь дуккхачу наха кхерам санна тIеоьцуш долчу бусулба динан векал Ханний, финансийн аристократийн векал Голдсмиттий. Цу шинна юккъера башхаллаш кхин а дуккхаъ ягарйан йиш ю.
Амма хIетте а лондонхоша Хан Сидикъ хаьржина, тIедогIучу шерашкахь шайн гIалин кхоллам цунах а тешош. Муха хила йиш ю-те и саннарг исламофоби яьржачу дуьненчохь?
Хила йиш ярий-те, масала, Москохахь гIалин да бусулба стаг харжар, цу гIалахь дайшкахь дуьйна иза ваьхна хилча а? Лондонехь вехачу политологна, Европерчу стратегикаллин талламийн институтан белхахочунна Асхабов Хьамзатна цу хаттарна жоп бIешерашкахь дуьйна дIахIоьттина лаьттачу Британин политикан урхаллин системехь лахадеза аьлла хета.
Асхабов: „Урхаллин Iилма вуно лакхара ду кху махкахь, ур-атталла континентала Европерчу пачхьалкхашца дуьстича а. Шайн низам Iедало лардар а, цунна нахе иза лардайта хаар а лакхарчу тIегIанна тIехь ду кхузахь. Низамаш кхузахь цIарна яздеш дац, шайна деза а дезаш, шайна дика долчу агIор а яздеш ду.
Цундела тIебаьхкинчу нахаца а и низамаш лардеш ду меттигерачаьрца санна. Цу агIор и хIума тергалдича, башха цецвала оьшуш а ца хетало. Масала, Москохахь цу гIалахь вина а, кхиъна а волу бусулба стаг гIалин да хIоттийнехь, цецвала мегар дара, иза муха стенна хIоттийна цига, муха таро хилла цуьнан цига кхача, аьлла.
Иза а цигарчу политикан системин башхаллашца доьзна хир дара. Кхузахь иза дац. ТIебаьхкинчарна еш цхьа а новкъарло я шалхонаш яц кхузахь“.
Хьахон догIу, Хан Садикъ шен доллучу дахарехь а, ткъа иштта шен харжамийн кампанехь а цкъа къайлахьош я лахдан гIерташ ца хилла, ша бусулба хилар а, динан арканаш ша кхочуш деш хилар а.
ХьастагIа Италерчу Ла Реппублика газетина ша еллачу интервьюхь цуо билгалдаьккхира, ша ламаз деш а ву, марха кхобуш а ву, хьанал кхача бууш а ву, аьлла.
„Амма сан кхин а дуккха а агIонаш ю: со бусулба ву, британхо ву, европахо ву, лейборхо ву, адвокат ву, доьзалан да ву. Сан доттагIашна юккъехь массо а динан векалш бу.
Цундела а еза суна Лондон дукха – цу гIалано массо а адам цхьатерра лоруш хиларна“, - элира цуо. Ткъа радикалан исламхойн экстремизмаца къийсархьама цкъа хьалха и проблема йолуш хиларна мукIарло дан деза.
Кегирхой радикале ца берзийтархьама царна интеграци ян гIодан а деза, царна дика масалш гайта а деза, аьлла тешна ву, адвокат а, адамийн бакъонаш ларйархо а санна хийла радикалхойн хьежамаш болчу лийцинчеран кхелашкахь векал хилла волу Хан.