Your browser doesn’t support HTML5
Сочехь 2014-чу шарахь дIадаьхьанчу Олимпийн ловзаршкахь Оьрсийчоьнан иттанаш спортхоша допингах пайдаэцна аьлла дIахьедар дина Москохарчу допингаца къийсам латторан лабораторин куьйгалхо хиллачу Родченков Григорийс.
И мукIарло цо Iамеркерчу Нью Йорк Таймс газетина ша еллачу интервьюхь дина. Родченковс дийцарехь, Сочера Iаьнан ловзарш дIа а доладалле цуьнга цуьнан куьйгалло иттанаш спортхойн цIераш еллера, церан анализаш гучуяха мегар дац аьлла.
Родченковс ма-аллара, „допинган программина“ юккъе богIучу спортхойн анализийн пробанаш хIетахь цуьнан куьйга кIелахь хиллачу лабораторин белхахоша хийцина, оццу спортхошка масех бутт хьалха, цара Олимпиадина кечам беш допинг малале хьалха дIаелла йолчу пробанашца.
Иштта цхьана хенахь допингаца къийсам латторан лабораторин куьйгалхо хиллачу цу стага дийцира, ша цу хаьржинчу спортхошна спортан низамашца йихкинчу кхаа суртасатах йина йолу лерина коктейлаш елира, бохуш. И коктейл мелларг Оьрсийчоьнан ког-салазаш хахкархойн а, бобслейхойн а олимпикийн тобана юккъера 14 стаг хиллера.
Иштта кхечу Iаьнан спортан тайпанашкара нах а хиллера. Верриге а ша елла коктейл малар бахьана долуш эвсаралла алсам а аьлла, Олимпикан ловзаршкахь тайп-тайпана мидалш яьхнарг 15 стаг ву боху дийцира Родченковс.
Цул совнаха, цо чIагIдо, дуьненаюкъарчу допингаца къовсам латторан комиссино тIедиллина ма-хиллара, дIакъевлина долу спортхойн анализац чохь йолу шишнах цхьанна а тидам хир боцучу кепара схьаделла некъ а карийнера шен белхахошна, бохуш. И берриге а болх цхьана буьйсанна цхьанна а ца гучу хенахь лерина цу Iалашонца кхоьллинчу лабораторин къайлахчу чоьнахь беш хилла.
БIе сов спортхочун анализаш допинган позитиве хилла, уьш лабораторин белхахоша хIаллак а йира, царна метта допинган негативе жамIа гойтурш а йохкуш, бохуш дийцира лоьраллин Iилманча волчу Родченковс журналисташка. Шен дешнийн тоьшаллаш хилийтархьама цо журналисташка гайтинера Оьрсийчоьнан спортан министраллин куьйгаллица ша дIасаязйина йолу майл-кехаташ а, цу хьукмато шега кхочуш йе аьлла схьадаийтина хилла долу допингийн жамIаш гойту табел а.
Родченков цхьаъ бен воцург хилла ца Iа, Оьрсийчоьнан спортан министралло шайн махкара олимпикан спортхошна допинг малар къайладахьа гIо до бохуш чIагIдеш верг. ХьастагIа оьрсийн допингаца къийсам латторан РУСАДА цIе йолчу агенталлин лакхарчу хьаькмех цхьаъ хиллачу Степанов Виталийс СиБиЭс телекампанин ша еллачу интервьюхь мукIарло дина, цу ша болх бинчу антидопинган агенталло оьрсийн спортхошна толамаш баха гIо до, цара допингах пайда оьцуш хилар къайла а кхоьхьуш, аьлла.
Цо иштта хьахийра, Родченковс шега хIеттахьехь дийцина дара, Сочерчу Олимпиадехь дакъалоцучу оьрсийн спортхоша допингаш муьйлуш хилар, аьлла.
Кхеташ ма-хиллара, Оьрсийчуьрчу спортан министралло и бехкаш бух боцуш бу аьлла юхатеттина. Цу хьукматан куьйгалхочо Мутко Виталийс шен яккхий шеконаш ю элира ТАСС агенталлерчу журналисташка и информаци бакъ ю бохучух.
„Со теша цу спортхойх. Уьш вуно тоьлла спортхой бу, царна дуьхьал туьтту бехкаш абсурде бу. ХIун коктейлаш? Пал бу иза. Уьш дуьненаюкъарчу тесташйаран тобанна юккъехь бу. Уьш Олипиада йолаялле а, иза йоьдуш а, чекхйаьллачул тIаьхьа а теллинера. Цхьа а бух боцуш бу царна дуьхьал тоьтту бехкаш. Оха и артикл толлур а ю, цунна хIун жоп дала догIу а хьовсар ду тхо. Сан цу спортхойх цхьа а шеко яц“, - бохуш дийцира спортан министро, Степановс а, Родченковс а дуьйцуш дерг – иза Оьрсийчоьнна дуьхьал йина информацин атака ю аьлла тIе а тухуш.
Ала догIу, Дуьненаюкъарчу Олимпикан комитето хIинцале а кхайкхам бина ВАДА олучу дуьненаюкъарчу допингаца къийсам латторан агенталле сихонца Родченковс оьрсийн спортхоша ца магийна гIирсаш мийларх йолу информаци талла аьлла.
Ткъа цу агенталлин куьйгалхочуо Риди Крейга пIераскан дийнахь ша Р-Спорт хаамийн агенталле еллачу интервьюхь билгалдаьккхира, и IалагIож вуно цатомехь хир ю Оьрсийчоьнан спортан цIарна, аьлла.
„Оха хIинцале а дехар дина оьрсийн хьукматхошка, тхайна цу хиламан гонахьа мел йолу информаци схьакхачае, аьлла, тхешан таллам дIаболон тхайн аьтто хилийтархьама. Амма Оьрсийчоьнна дика керланаш дац уьш“, - элира цо.
Цуьнца цхьаьна цо билгалдаьккхира, ша куьйгалла до агенталла политикан бахьанашца болх беш яц, аьлла. „Политика тхан уггаре а бала боцучу хIумнех ю. Тхуна лууш дерг – иза Оьрсийчоьно къепенаш ларйар а, цигарчу спортехь дерриге а хила ма-деззара хилар а ду“, аьлла тIе а тухуш.