Your browser doesn’t support HTML5
Цхьаьнаьтоьхначу Штаташа куьйгалла дечу коалицин гIоьнца ДаIишан коьрта шахьар ларалучу Раккъа гIалина тIелатарш долийна курдойн тобанаша.
Масех де хьалха Цхьаьнатоьхначу Штаташа куьйгалла дечу Малхбузерчу пачхьалкхех а, Шемарчу цхьаццаболчу оппозицин ницкъех а лаьттачу коалицино кеманашна тIера кехаташ чукхисса долийра ша шех Исламан пачхьалкх олучу ДаIиш тобан коьрта гIала ларалучу Раккъа гIалина тIехула. Цу кехаташна тIехь гойтуш бара мокхачу, херцаршлахь гучу гIалара баьццарчу аренан агIор уьдуш болу маьрша нах. Iарбойн а, ингалсан а меттанашкахь йозанаш а дара царна тIехь, „Раккъара арадовла хан тIекхаьчна“ аьлла гочдан мегар долуш. Цу кепара Малхбузерчу коалицино хаам бора меттигерчу бахархошка, кеста Раккъина штурм йийр йолуш хиларх а, ша кIелхьарвалала йиш ерг ведда цигара дIаваха гIортар гIолехь хилар а. Кехаташ чукхуьйсу кеманийн а, церан чулацамийн а суьрташ а даьхна, интернете дехкинера Раккъехь къайлаха болх бечу меттигерчу кегирхойх лаьттачу ДаIишан дуьхьалончийн тобан декъашхоша. Кхеташ ма-хиллара, ведда Раккъера аравала амма иштта атта дац- хье ца луш ДаIишан векалша иштта а шаьш кIирбеллачу тергамехь латточу меттигерчу маьршачу бахархошна дихкира, гIалара арабовлар я бовда гIортар.
ХIетте а стигалкъекъа беттан 24-чохь дIаболийна коалицино Раккъа яккхаран тIемаш. Кхурдойн тобанаш лаьттахула тIелатарш деш а йолуш, стиглара Цхьаьнатоьхначу Штаташа куьйгалла дечу коалицин кеманаша бомбанашца гIо а деш, дIабоьдуш бу и тIом, кхаа агIор Раккъина го бан гIертарца. Цу операцехь дакъалоцуш 50 эзар герга салти ву, доккхачу декъехь ПКК олучу кхурдойн партин Шемара дакъа ларалуш йолу ЙПК, аьлча, нохчийн матте гочдича къам лардаран тоба ала мегар долчу тIеман декъара кхурдой а, ткъа цул тIаьхьа церан агIор болчу кхечу Шемарчу тIеман тобанийн декъашхой. Цул совнаха, дуккха а танкаш а, кхинйолу техник а ю цу гIалина гонахьарчу кхурдойн карарчу меттигашка тIететтина. Цул совнаха, Iамеркхойн 200 тIеман говзанча а ву операцина координаци еш.
Штурм кечйинарг Цхьаьнатоьхначу Штатийн Гергарчу Малхблерчу эскарийн куьйгалхо инарла Вотел Джозеф вара, лерина цу Iалашонца зазадоккху бутт юккъебаьлча къайлаха Шема вахана хилла волу. Бакъду, операцин кхиамаш цкъачунна мел баккхий бу бохург ала хала ду, хIунда аьлча, ДаIишерчу джихадхоша а, тIаьхьарчу беттанашкахь шаьш доладеш хиллачу лаьттанех кхоолгIачу декъах бовла дезна болчу, баккхий кечамаш бинера, коалицин штурмана. Шемарчу Неврера шайн ницкъаш Раккъехь цара дIагулбеш болу масех кIира а дара. Цул совнаха, тайп-тайпанчу бехкашца шаьш шарIан кхелаш а еш, набахтешка боьхкина болу шайн тIемалойн доккхах долу дакъа маьрша а даьккхина, герзе хIоттийнера цара, кIира хьалха ДаIишан гергарчу интернет сайтехь хаам бина ма-хиллара.
Раккъа яккха дагахь болийначу тIеман хьалхарчу сахьташкахь коалицин эскархойн цу гIалин гуонашкара масех юрт шайн долаяккха кадаьллера. Амма цул тIаьхьа даьллачу шина дийнахь, хетарехь, башха гена бовлар ца хиллачух тера ду лаьттахула тIом бечу кхурдойн салтийн, еари дийнахь шаьш лаьцна волу масех даIишхо а гойтуш, видеогайтам цара баржийнехь а. Карарчу хенахь, Малхбузерчу коалицин пресс-секретар волчу Уоррен Стивс журналисташка бинчу хаамца, штурмехь дакъалоцуш йолу тобанаш Раккъина тIекхача 35 чакхарма йисинчехь тIемаш беш ю.
Ала догIу, эр- Раккъа, Шемин Неврехь, Евфрат хи тIехь Iуьллуш йолу, хIетахь шех ИЗИС, аьлча а, Шемахь а, Иракъехь а Исламан пачхьалкх олуш хиллачу ДаIиш тобано 20I3-чу шарахь шайн дола яьккхира. Халипат кхайкхинчул тIаьхьа цу гIалах ДаIишо шен коьрта шахьар йира. Билгал хууш ду, Раккъехь карарчу хенахь бехаш, мел кIезга а, бIе герга нохчийн къомах нах хилар, доккхачу декъехь зударий, кегийн бераш ду уьш, Халипате хиджра до аьлла цига дIабахана, я тIом бан боьлхучу шайн хIусамдайшца цигахь нисбелла болу. Маршо радион информацица, царех доккха цхьа дакъа Европерчу пачхьалкхашкара дIаихна бу. ЦIерашца бевзаш болу царах цхьаберш ДаIишера бовдда лууш, амма дийнахь а, буса шайн тIехь терго ечу Халипатан белхахойн ца хууш ког баккха йиш йоцуш, зударийн юкъараIойлашкахь хан йоккхуш бу царах хIусамдай байъина биснарш, ДаIишан доьзалийн хьукмато шайна керла марелла лаххалц. Тоххарехь шаьш Шема баьхьанчу некъах дог а даьлла, цигара кIелхьарабовла сатуьйсуш, амма аьтто боцуш бу царех дукхахберш.
ХIинца, Раккъина рогIера штурм ечу деношкахь, церан кхоллам муха боьрзур бу бохург хууш дац.