Каляпинах къехка Кадыров

Еарийдийнахь шен белхан рогIехь Оьрсийчоьнан президентан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеташонца къамеле хаа лерина хиллачу Нохчийчоьнан администраторо Кадыров Рамзана ша реза вац и кхеташо ган цуьнан декъахь Каляпин Игор хилахь, аьлла, дIахьедина, яздо «Новая газето».

Кадыровс аьлларг комментари йоцуш а дуьтуш, шен тоба хир ю Нохчийчохь, аьлла делегацин хьалханчас Федотов Михаила. Кхаара а, еара а, нахах цхьанакхеташ, Нохчийчохь дIахьош ю бакъоларъярхойн тоба, шайлахь «Iазапна духьалояран комитетан» лидер Каляпин а волуш.

Оцу юкъанна Кадыровн пресс-гIоьнчо Керимовс, шена хууш дац шен хьаькаман сацйамах хIумма а, аьлла журналисташка.