Петарбухерчу губернатора Полтавченко Георгийс куьг таIийна низам тIеэцна Петарбухерчу цхьана тIайна Ахьмат Кадырован цIе тилларан хьокъехь. И хаам баржийнарш шаьш бовзуьйту ца луу нах бу. ТIайна Ахьмат Кадырован цIе тиллар бакъхилар тIечIагIдира Петарбухан низаман кхеташонан депутат Резник Максима. Хезачу хаамашца, тIайна керла цIе тилларан хьокъехь низамна буха губернатора куьг таIийна кху беттан 15-чу дийнахь.
Хууш ма-хиллар, Петарбухера интеллигенци реза яцара цу тIайн цIе хицийта. Цара нахашлахь интернет машехула петици яржийнера цу тIайн цIе хийцарна дуьхьал болчу Петарбухан бахархошка куьйг таIаде бохуш. Таханлерчу дийнахь цу петицин кхайкхаман жоп делла, цунна буха куьг таIийна 100 000 гергга стаг ву. И петици change.org интернет агIонна тIехь гучуелира стигалкъекъа-беттан 30-чу дийнахь.
Ахьмат Кадыровн сийнна тIайна цIе тиллар цхьаболчу Петарбухерчу наха меттигера Iедал нехан дог ойланах ца дашар санна тIеэцна. Бинчу сацамна ша резацахилар хоуьйтуш Петарбухан низаман кхеташонан депутата Резник Максима аьлла дешнаш даладо "ЗакС.ру" агIонна тIехь: “ГIалан Iедалша лере ца хьаькхна петарбурхойн дог йола, амма кху гIуллакхах хIинца а йист ялаза ю. Юхабаккха йиш йоцу сацам бане а бац.”