Кремло кечбечух тера ду футболан фанаташ а...

Your browser doesn’t support HTML5

Фанаташ - къаьркъан кедаш

Оьрсийчоьнан футболхойн тоба юхьIаьржонечу чотаца эшна, Европин футболан чемпионатера цIехьа йирзинехь а, чекхдевлла дац хIинца а оьрсийн фанаташ Францехь лелийна я лелон тарлуш долу къепедацарш.

Чекхьяьлла яц Кремлан муьтIахьчу фанаташа лелийначунна гонахьара IалагIож а. Цхьа могIа Малхбузерчу хаамийн гIирсаша шаьш бинчу талламашна тIе а тевжаш чIагIдо, оьрсийн фанаташа Францехь лелийна къепедацарш – уьш ларамаза, къаьркъанаш а мийлина,шайн шовкъ хьалаяьллачеран лелийна дац, царна тIехьа лаьтташ Кремлан политика ю, бохуш.

Иштта Германерчу Тагесцайтунго яздо, оьрсийн фанаташ чемпионате хьовса шайн чотах баькхина бацара, царна Iедало билеташна а, некъана, Францехь йоккхучу ханна а ахчанаш деллера, бохуш. „Харцахьлеллачу фанатийн тIум вуно урамийн летаршкахь дакъалаца Iамийначу хулиганех лаьтташ яра.

Оьрсийчохь футболан фанаташ – уьш пачхьалкхана гергара, эскарийн хьесапехь вовшахтоьхначу тIеман структурийн дакъа ду, гIалгазкхийн тобанашца а, байкерийн банданашца а, патриотикаллин тIеман цхьаьнакхетаршца а, Путинна шена муьтIахьчу кегирхойн боламашца а цхьаьна тIегIанна тIехь лаьтташ ю уьш“, - боху артиклан авторо.

Шен рогIехь немцойн уггаре а доккхачу Билд газетано кхин а скандале яздо Оьрсийчоьнан Iедалан, Францехь маьттазлонаш лелийначу цу махкарчу фанатийн зIенехь лаьцна. „Футболах дерг аьлча, иза Оьрсийчоьнна я спорт а яц, я бизнес а яц.

Цигахь царна коьрта дерг доллучу дуьненна а шайн ницкъ гайтар ду, ткъа цу хьаштана муьлха а гIирс цара шаьшна магош бу – допинг а, моббинг а, буллинг а, аьшпаш а, пропаганда а“, - бохуш яздо артиклан авторо, 20I8-чу шарахь Оьрсийчохь футболан дуьненан чемпионате шаьш бахале цу махкахь хьешийн кхерамазалла ларъяр данне а мехала лоруш ца хилар тидаме оьшуш хиларе Малхбузера юкъаралла а кхойкхуш.

Билд газетана ша еллачу интервьюхь Iамеркерчу кхерамазаллех аналист а, къайлахчу сервисийн эпсар а волчу Шиндлер Джонна хетарехь, Оьрсийчоь футболан Европин чемпионатана дуьхьал „гибридан тIом“ дIахьош ю. Цуьнан тоьшалла лору аналисто, оьрсийн фанаташкахь латаршкахь цергаш ца лазйайта тIеюхкуш йолу капаш хилар а, каранаш а, тутмIаьжгаш а цаьргахь хилар а, цул совнаха, цара лелийначу маьттазлонашна Кремлан векалша самукъадаларца а, цара лазийначех дог кхардарца а реакци йина хилар а.

Ткъа Британин къайлахчу сервисашна оьрсийн фанатийн ардангана тIехьа лаьтташ ерг Оьрсийчуьра ГРУ, аьлча а, Талламийн Коьрта Урхалла цIе йолу къайлаха сервис лору, бохуш яздо хаамийн гIирсо.