Your browser doesn’t support HTML5
Доллучу дуьнентIера футболйезархой оршот дийнахь Исландерчу тобано гайтина тамаша бийцаре беш бу хIинца. Цецвала хIума дан а ду иза – футболан дуьненан аутсайдерш лоруш болчу исландхоша футболан къам ларалуш болу, футбол янне а дуьненчохь дуьххьара кхоьллина болу британхой эшийна, вуно нуьцкъалчу, вуно хазчу ловзарехь 2:1 чот а йина.
ТIаккха тамаша а буй ах миллион вахархо а воцучу, шен кест-кеста дуьне а кхерош самабуьйлучу тIапламашций, Бьоьрк цIе йолчу ша-башхачу эшаршлакхархочуьнций бен башха дуьненна бевзаш а боцучу жимчу махкара массо а бахархой, жима а, воккха цу толамах гIадбахана, шайн хазхетар ца сацалуш, токхе хилар!
Ловзар чекхдаьлла аьлла дIакхайкхош, кхелахочо шок тоьхначу мIаьргонашкахь Ниццерчу стадионан трибунашкахь хIоьттинарг хIуммаъ доцург дара цу миноташкахь Исландин коьртачу шахьаран Рейкьявикна юккъерчу, уггаре а йоккхачу майданахь шайн тоба ловзуш хьовса гулбеллачу исландхоша хIоттийначуьнга хьаьжча.
Масех шо хьалха самабаьлла, шакаршца а, цIарца а алу тийсинчу Эяфьйатлалукум тIамломо а гIаттийна хир яцара, хетарехь, иштта йоккха гIовгIа. Ткъа Исландерчу футболан комментаторо-м Бенедиктссоно жимма хьалха, Австри еша а йина, шайн тоба рогIерчу гоне яьлча дукха мохь хьекхна хадийна долу аз дуьненан футболан исторехь даимна а дуьссур долуш ду.
Ала догIу, Британин, Исландин ловзар доладалле хьалха букмекерийн цхьа а шеко яцара, ингалсхой тулур хилар – церан шансаш исландхойнчарел ялхаза лакхарох лорура тергамхоша. Амма оршот сарахь Ниццехь гайтинчу ловзаро кхин цкъа а тIечIагIди, футбол тамашашна комаьрша спорт хилар.
Ша а футболхо а хиллачу Сатуев Адамна а хета, Маршо радион дехарца Евро-2016 чемпионатана комментари еш волчу, Исландин тобано гайтинарг туьйра санна хаза ловзар дара, аьлла. Амма къаьстина кху деношкахь, доллу дуьне а Брекситца Евроберта юккъера арабевллачу британхойн сонталла юьйцучу муьрехь, цу жимчу, футболехь башха доккха зеделларг а доцучу мехкан тобано юккъера британхой ешор вуно ша-башха маьIна долуш хета цунна.
Сатуев: „Ловза дика а левзира исландхой. Дуьненчохь тоьллачех футболан къам ларалуш болчу ингалсхойн тоба цара эшийна суна хаза хийтира, хIунда аьлча, футболан чемпионаташкахь башха зеделларг долуш тоба а ма яцара и исландхойнарг. Цул совнаха, хIинца кху деношкахь Брексит аьлла, Европера арабовла сацам бинчу ингалсхой эшар цхьа политикан маьIна долуш а хийтира суна, церан сонталла бахьана долуш царна гIуда тоьхча санна“.
Сатуев Адама ма-аллара, хIинца кху деношкахь британхой Европин чемпиотанера ешийна, исландхоша аракхийсар тайна Европехь миллионаш нахана, царна церан сонталлех хилла бекхам санна и эшар лоруш. Ткъа интернет машанахь ловзар чекхдала а кхиале а юьйлаелира, ингаслхойн футболерчу „Брекситах“, шех хIинца Брексит-2 олучу, йолу забарш.
Иштта исторехь дуьсур ду, исладхойн тоьллачу ловзархочо Сигурдссон Рагнаро, ала дашна, ингалсхошна шозлагIа буьрка тоьхначу, аьлла долу дешнаш: „Мотта дезаш ца хиллера ингалсхошна, шаьш паркехь доладала арадевлла ду“, аьлла.
Оцул хаза бахьана даьллачуьра ала догIу Исландех а, цуьнан ловзархойн а цхьа ши дош. Цу пачхьалкхан 320 эзар стаг бен вахархо вац. Царех 10-гIа дакъа Францехь чемпионате шайн тобанна сагатда бахана бу, ткъа важа 9 дакъа, хетарехь, цхьа а са йистах ца дуьсуш, цIера и ловзар тергал деш бара.
Исландхойн тобанерчу массо а ловзархойн цIераш „сон“ бохучу дашца чекхйовлуш ю, масала, Арнесон, Сигурдссон, Сигторссон, Гунарссон, иштта дIа кхин.
Хьенехан я минехан воI бохург ду иза. Дуьненан тIегIанна тIехь, иттанаш миллионаш долларш луш оьцуш-вухкуш, трансферш еш цхьа а ловзархо вац цу тобанахь, амма ахчано хаза футбол еш йоцийла гайтира исландхоша.
Цу тобан шина тренерах цхьаъ, Хеймар Хадльгримссон, цергийн лор болх беш ву, хIунда аьлча, тренеран алапа совлахар хиларна.