Чатаев Ахьмадан лар Истамбулерчу лелхийтаршкахь

Туркойчуьрчу Истамбулехь шинарийн буса хилла лелхийтарш кхочушдинарг я Нохчийчуьра, я Дагестанера вахархо ву бохуш, дуьйцу туркойн хьосташа. Иштта къайлахчу сервисаша Iорадаккхарца «Кавказан Имаратан» лидер хиллачу Умаров Доккин гIоьнча, нохчо Чатаев Ахьмадах шеконаш а кхоллаелла церан.

«Кавказан узел» агенталло яздо 2003-чу шарахь дуьйнна Чатаев Ахьмад Оьрсийчоьнан лехамашкахь хиларх. Кхо шо хьалха Гуьржийчуьрчу лаьмнашкахь гIаттамхойн тоба хIаллакъеш каравахара Чатаев гуьржийн эскаршна. Амма шо даьлча маьрша ваьккхира, Тбилисин кхело бехказаваьккхина. ТIаьххьарчу шерашкахь зорбанехь хаам гучубелира Чатаев Ахьмад Туркойчохь хаавелла бохуш. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа санкцеш кхайкхийначу нехан тептар юкъа а ваьккхинера иза.

Туркойчоьнан «Ени Шафак» газетано бечу хаамашца, терактан вовшахтохархо санна Iедало лоьхуш ву Чатаев Ахьмад а. Кхин а цхьана Кавказан вахархочун цIе а ю йохуш террорхошлахь хиларца. Къайлахчу сервисаша цуьнан цIе Вадинов Iусман ю аьлла даржийна.