Муфтис нахах "жIаьлеш" баха долийча...

Телевизионашкахула а, интернетехула а гIалгIайн ши динан да Чумаков Хьамзат, Цечоев Iиса емалвира муфтис Межиев Салахьа. Вуьйш а ца бисира жоьпаш дала эшна. Оцу бахьанийца хаъал шеллуш го къаьмнийн юкъаметтигаш.

«Шина агIонна юкъара дов» аьлча нийса ца хила а тарло. Дехьа-сехьа дина а, ден а къамелашка ладугIучунна хаало, маьттаза а, динца богIуш боцу а мотт шен интернетерчу къамелашкахь лебийриг Нохчийчоьнан муфти Межидов Салахь хилар.

Цо зуьдарчех, жIалех, нах боцчу нахах тарбо гIалгIашлахь динан некъ, Iибадат, Iедалан бага ца хьоьжжуш, шайна ма-хетта маьрша хьоьхучу нахах. Чумаков Хьамзате, Несар-Коьртарчу маьждиган имаме ши кIира хьалха цо дина, интернетехула даьржинчу къамелан дакъа ду хIара.

Межидов Салахь: «Ахь, хьо стаг велахь, хьо борша а велахь, хьо къонах а велахь, хьо бусалба а велахь, цхьа хан билгалъяккха, хIокху дийнахь, хIокху сахьтехь со кхузахь ву шуна, шайн долуш долу далийла а дахьаш, схьа тIедуьйла. Ас дIабоху хьоьга, вайга цкъа динах долу хIума къастадайта, хьо мученик (шахIид) хила гIерта ву.

...Хьо цхьа эхь ца хеташ долу зуд санна, дIа-схьа а хьийзийна, иштта дIа кIелхьараяла гIерташ ю. ЦIе яккха а, ца яккха а, еса хIуманаш ю уьш, цхьа а тайпа я иманах а, я Делах кхерарах, я эхь хетарх, я Iилманах, цхьа а тайпа а, хIара ду аьлла, цхьа тодина хабар дийцар доцург, нах Iехабеш. Нах ма яц шу. Адамаш а ма дац шу. Шу стаг хетачух стаг ца хеташ Iаш ма ву со, шух нах хетачарех нах ца хеташ...».

Нохчийчоьнан муфтино Чумаков Хьамзат а, цуьнан го а бехкебо цара ден даIваташ, динан хьехамаш харц хеташ. Амма цо иза муьлхачу маттаца до – иза шеконе дуьллу вуно дукхачу гIалгIаша а, дешан бакъо мелла а доьналлица шайна кхачочу Нохчийчуьрчу а, махкал арахьа бехачу а нохчаша а.

Межидов Салахьа динчу къамелна дуьхьал дош ала эшавелла ца висина Несар-Коьртарчу маьждиган имам Чумаков Хьамзат а. Иштта интернетехула шен къамел дира цо а кIира хьалха. Амма цуьнан багахь дац «жIаьлеш», «заддаш» я «нахйоцу хIуманаш».

Чумаков Хьамзат: «Нохчаша дуьйцу аьлла, хIума ала дог дац сан. Нохчаша ца дуьйцу вай, вай Грознерчу наха дуьйцу – суна уьш нохчий буй а хаац, я гIалгIай буй а хаац. Охьа а хевшина, боьха мел долу къамелаш дуьйцу цара. Шун мелдерг – тIекхайкхар ду, шун мел долу хIума бусалба нах бехбан ду. Шу нохчашний, гIалгIашний юкъа бохам боккхуш нах ду.

И къамелаш мел дийраш, гIалгIа хуьлда хьо, нохчо хуьлда хьо, милла а хуьлда хьо. «ЖIаьлеш» - иза хIун къамел ду дан а? Дешначу стеган багах и къамел долуш дайний шуна? И хIун къамел ду дан а?

Цхьа а ишта къамелдийриг салам дала йиш йолуш стаг вац. Ца догIу и къамел деш волчу хьоьга «Ассалам Iалайкум» ала. Хьо соьца лата валлахь – сан иза дийца бакъо а яц, дешначу стеган къамел дац иза – суна цхьа хIума юхадекъа, я соьца довдан, цхьа хIума хьо къасто воллуш велахь, ас АллахIах дуй буу хьуна, хIара массо нах теш а болуш, сайн чоьн мехах суо хетар ма вац суна, ахь аллаче со дIа ца вагIахь...».

Шина къомана дехьа а, сехьа а лараме безачу Iеламчаша эккхийтинчу девнан терго а еш, церан дов шордаларх а богуш, цхьа бахархой Iахь а, дуккха а бу хетарг довзуьйтурш интернетерчу социалан машанашкахь. Бу царалахь вайнахана дика бевза юкъархой а, политикаш а, бакъоларъярхой а, юристаш а.

Девнан хьокъехь мархадостучу дийнахь вистхилла интернетерчу Ютубехула махкахдаьллачу Ичкерин Iедалан куьйгалхо Закаев Ахьмад.

Закаев Ахьмад: «Тахана вац «салафиташший», «суфисташший» аьлла бокъурш муфтияташ ю. И муфтияташ мичара евлла, уьш маца кхоллаелла? Церан хIун Iалашо ю? 18-чу бIешерачохь Оьрсийн импери яьржаш, цигахь бусалба дин даржа доладелча, Екатеринас, хIетахь церан хиллачу паччахьо, кхоьллина муфтияташ, Оьрсийчохь беха бусалбанаш олаллехь дIачIагIбан.

Кху дунентIехь, бусалбанаш болучохь, бусалба дин дуьйцучохь цхьаьнхьа а яц муфтияташ, Оьрсийчохь бен. И институт дIаяьлча бен къам маьршадала йиш йолуш а дац.

Суна цхьа хIума хаа. Iилма хиларх тоьаш дац, иман ца хилча. Тахана Нохчийчуьрчу муфтиятера дIадеш долу къамелаш Iилман бух тIехь ду я дац, иза Iеламнахана хуур ду. Амма иманца уьш цахилар – иза цара шаьш схьагойтуш ду.

Нохчашка а боху ас, гIалгIашка а боху ас. Нохчийчуьра хьал тахана къаьсттина харцоно кIелдитина, нохчий шайна хетарг хаийта, довзийта бахьа а ца баьхьаш, ала йиш а йоцуш, Iаш бу. Сан доккха дехар ду массаьрга а, шаьш оцу питанчашка лен а ма дайта, оцу питанчашка шаьш Iеха а ма дайта, вайна юкъа мостагIалла, гамо ма яийта!»

Нохчийчоьнан муфтис Межиев Салахьа гIалгIайн Iеламнахах Чумаков Хьамзатах а, Цечоев Iисах а даржочу къамелийн мах бакъоларъярхоша а, юристаша а бийцаребо тахана. Царех дукхаболучара дийцарехь, питана долийнарг Соьлж-ГIала ю.

Москохарчу адвокато Арапиев Зеламхас, масала, даржийна зорбанехь шена хетарг. Цунна Межиев Салахьан къамелехь адамийн цхьана декъанна дуьхьал цабезам, мостагIалла даржош битамаш го. Арапиевс, Нохчийчоьнан муфтис Оьрсийчоьнан бехктакхаман кодексан 282-чу артикло доьхку зулам дина, боху.

Дуккхаъчу тергамчаша, Iедалехь боцчу жигархоша кху муьрехь буху: лаккхара Iедал юкъадола а деза, низам талхош, девне ваьлла хьийзарг сацо а веза. Ткъа стагга а вац шерашкахь лела бакъдерг ца хууш а: Оьрсийчохь, къаьсттина Къилбаседа Кавказехь хьанна-хьанна а дуьхьал дац болхбеш пачхьалкхехь лелаш хила догIу низамаш. Ткъа лакхарчу Iедало, Кремло, дукха хенахь дуьйна а луьтту лелаечу харцонах юхаваккха мегарг а, цамегарг а, къаьсттина Нохчийчуьрчу «безачу нахах» дозалуш иза делахь-м муххале а.