Бисултанов: IиндагIаш... Там бара со царел хьалха дIавала...

Нохчийн поэт Бисултанов Апти

Юха а Бисултанов Аптин дош.

Your browser doesn’t support HTML5

Бисултанов: IиндагIаш... Там бара со царел хьалха дIавала...

Юха а Бисултанов Аптин дош.

Хьалхо хиллачу шина программехь Бисултанов Аптис дийцира нохчийн къомана тIехIиттинчу киртигех: вайн нах махках бахарх, цул тIаьхьа лайначу тIеман шерех, нохчийн мухIажараллех, шен эмиграцех, цо шен сина тоьхначу лазарх, Нохчийчу шен сатийсамех а.

Ткъа рогIерачу программехь шуна хезар ю Бисултанов Аптица хиллачу къамелан тIаьххьара дакъа.

ТIеман шераш къам махках даьккхинчу цхьана денца дуьстича, поэтана хетарехь,

цул а къиза де нохчаша лайна а дац. Дуьненахь гина йоцу къизалла лору поэта -къам махках даккхар.

Вац иза реза тахана юкъараллехь, къаьсттина социалан машанашкахь цхьаболчара мохк маьрша баккха лиинчу къонахийн сакхташ лехьош, уьш сийсазбан г1ертарна.

Поэтна новкъа ду царна т1е нехаш хьекхар.

Махкахой шех нийса ца кхетарна а кхоьру Апти, цара шена бехкбилларна: Хьо юьстах ву, ткъа тхо кху 1алаг1ожи юкъахь ду аьлла. Амма шена хетарг маьршша д1аала йиш йоцчу мискачу шен къоме бац цуьнан цхьанне а кепара бехк-1оттам.