Нохчийчоь Нохчийн бераш хIордайистехь Товбеца-бутт 17, 2016 Елхоев Леча Кегийчу хьешийн цIа. Юьхьанца хи шийла хетахь а, я кхерамо юхаийзаяхь а... Дуьххьара хIорд гун йоI. Жима йоI а, боккха хIорд а. Дагахь лаьттар ю хIара аьхке оцу берашна! Суьйре. ХIордан йист. Суьйранна хьешашна лерина барамаш хуьлу. Ловзарш. Самукъане бералла. Берел а самукъадаьллера нанойн! Тхойшиннал хаза цхьа а яц хIокху Избербашехь! Со хих кхоьру! Дийно сарралц личийча а ца Iеба хих! Суьйранна цхьадолу бераш мултфилмашка хьовса гуллора. ТIаьххьарчу дийнахь хица эвхьаза девллера бераш! Аьхкенан юьхь йочане хиллехь а, Товбеца баттахь екхна ю Нохчийчохь. Балхара мукъаболчу, жимма а таро йолчу дайша-наноша шайн бераш садаIа дуьгу Къилбаседа Кавказан мехкашкарчу хIордан йистошка.