«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан дагестанхойн лидеро Абдуллаев Гасана шех «Абу-Ясир» олучо 9 минотехь Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна кхерамаш а туьйсуш, оьрсий шаьш бехачу хIусамашкахь хIаллакбийр бу бохуш дIахьедарш деш, видео яржийна социалан машанехь. Нохчийчоьнна ханна урхалла дечу Кадыров Рамзана ДАIИШ-ан кхерамаш - «деса къамелаш» ду, оцу дешнийн тIаьхьало а яц, аьлла йоза дитина Инстаграмерчу шен пентIехь.
«Оха Нохчийчохь 51 пачхьалкхашкара тIехсов кечамаш бина талорхой хIаллакбина. Царех бисинчара юм йина, кхера а белла» аьлла яздина Кадыровс.
Цунна тардаларехь, ДАIИШ-тобан дIахьедар Малхбузерчу къайлахчу сервисаша Оьрсийчоьнна дуьхьал шаьш латточу тIеман цхьа дакъа ду.