Your browser doesn’t support HTML5
Мехкан статистикан, чот-хьесап дечу урхалло гIардаккхарца, ерриг Оьрсийчохь дIахьуш ду юьртабахамийн обьект-гIишлош, ахархойн –фермерийн кхаш-аренаш, долара латтанаш, бошмаш ягарьеш йолу кампани.
Официалан Iорадаккхарца и болх дIабахьа леррина кхоьллина ю 80 инструктурийн а, 478 дагардаран туш-меттигаш.
Оццу хьостано хааме даккхарца, герггарчу барамехь, йозанчаша чоьте эца езарш ю 608 бъект а, 4 эзар гергга ахархойн-фермерийн бахамаш, 215 эзар сов бахархойн долара беш-дакъош, 1200 нехан латтанаш а.
Мехкан статистикан урхалло чIагIдараца и болх хIинцале 75% бина баьккхина, кхин цхьана шина кIирнах чекхбоккхур болуш бу. Iедалан говзанчашна хетарехь цу балхо таро лур ю Нохчийчуьрчу юьртабахамашкара сурт ма-дарра довза.
МогIарерчу наха тIе муха оьцу массо ярташкахь йозанчаша беш болу болх?
Низамах къилба а дина, и лардар лераме а долуш,и болх нийсонан бух тIехь дIа а боьрзур бу, цул тIаьхьа шайга харцо а кхийдор яц аьлла тешна буй те бахархой?
Вайнехан иллехь ялхош ма-хиллара, ягарьеш массо хIума а хьесапе эцча, тIехь йоцу ясакх охьайилла бохуш, лагга-м лоцур дац те долахойн? Цу могIарерчу хеттарша, бегашена а доцуш, садуу бахархойн.
Ерриг Оьрсийчохь а, и тайпа дIаяздарш дIахьуш хилча, нахана а дерг ловзар аьлла тхан дайша а, Нохчийчохь Iедалдайша иза шайггара леладо олийла а дац, амма адамо сатуьйсург цхьаъ ду-нийсонан, бакъонан бух хилийтар мел дийриг а. Ишта хьажаман агIонча ю соьлжагIалахо Мартаева Айнаъ а.
Айнаъ: «Кхузахь кхара нийсо лелийчахьана, доцург нахе ца кхийдийчахьана, ца богIу ницкъ ца бича-м, массанхьа дерг леладар-м новкъа дацара. Кхузахь кхара динччуна тIехь IадIа везаш нисло-кх хIинццалц. Iедал массанхьа цхьаъ ца хилча а ма ца долу. ХIинцца баьхкинера тхоьга.
Цара хIун яздина-м ца хаьа суна. Шина-кхаанхьа куьйгаш-м яздина ас. Цхьа гIоле доццург цара яздарна кхоьру-кх, со а кхоьру, нах а кхоьру. Оха етт язбо, котам язйо цара-м ца аьлла соьга. Леладахь а цу тIехь кхара харцонаш лелор ю-м ца моьтту суна…»
Йозанчаша ара а баьхна, массо хIума а чот-хьесапе оьцуш дIахьуш йолчу кампанега шеконца хьоьжуш берш дукха бу. Адамашна гIоьнна, церан аьттонна багарбеш ца лору хьал-бахам могIарерчу наха. Царех ву Халил аьлла шен цIе яьккхина Новр кIоштера вахархо а.
Халил: «Цара хIун леладо-м ца хаьа суна. Леладахь хуур хир ду-кх. Мухха делахь а адамна паргIатонна аьлла цара хIумма а лелор доций-м хаьа суна. ХIинццалц схьа-м ца лелийна..»
Мехала мел долу хIума дIаяздойтуш, леррина бIеннашкахь белхой- йозанчаш ара а баьхна, дIадолийнарг адамна дикачу балхана лелош дац аьлла тешна ву Новр гIалара вахархо Межед а. Цунна гергахь, совнаха а нехан цIий мала, цуьнан ладегIам дебо буттуш бух бу Iедалехь болчара.
Межед: «Деллахь бац хьуна уьш нахана дикачу балхана арабевлла дIаяздеш-м. Нахана гIулкхана арабевлла бац, мелхо хIун дича цIока йоккхур яра- те аьлла лелаш бу. Доцург коча а дуллуш нах –м хьийзабо цара.
Цхьа-а дика болх хир бац цунах кхузахь а я Оьрсийчохь а. Цхьа пайда а оьцуш наха бошмаш лелош санна хIума ду цара лелориг. Кхана хьан хIоккхул дитт ду, ахь ял охьайилла еза аьлла коча богIур бу. Ас цу тIера оьцуш, соьмана пайда а боцуш, ас ял мичара, муха ло? Доцург коча а дуллуш нах хьийзо лелош хIума ду. Цунах кхоьруш ву-кх со а, нах а».
Массо хIума а дIаяздеш, тидам-тергоне эца Iалашо лаьцча санна, жигара дIахьуш йолу кампани могIарерчу наха, шайна долчу декъана, шайна гIоленна, аьттонна йохуш гIулчаш ю-кх аьлла, дика туьдуш дIадолор дац.
Мелхо а цу декъехь нехан кхетаман баьрчче дIа а лаьцна лаьтташ ю шеконах йоьттина дог-ойланаш.