Your browser doesn’t support HTML5
Дукха ца бисина депортаци шайн догIамашца, синошца лайна вайнах. Ткъа къоначу чкъоьрнашна и зама йицъялийта Кремлан лаамца дерриг а леладо, хьахийнарг набахте а хьажош, лурчаха Кутаев Руслан санна.
Делахь а, оьшу и хIетахь къоманна тIехь латтийна гIело дагахь латто.
ХIунда аьлча, Гамзатов Расулна а дайна, ахь селханене тапча кхоссахь, кханено йоккха топ кхуссур ю хьуна дуьхьал.
ДIадаханчу кIирандийнахь ас вовзийтира Гермчигара Бетишев Хьусайн.
Карладоккху.
72 шо хьалха Сталинан омраца махкахь баьхна, Юккъерачу Азе вайн къам дIадохийначу заманчохь 1954-чу шарахь Нохчийчу веанчу Бетишев Хьусайнах лаьцна яра иза.
Бетишев Хьусайн а, Ведзижев Энвер а спортхойн тобанехь Казахстанера Нохчийчу а кхаьчна, Хьусайн шен доттагIчуьнца ша винчу Гермчигахь, дагахь а доцуш, нохчийн зудчунна Келиматна тIенисвалар хьахийнчахь хедира вайн хьалхара дакъа.
Иза мила яра? Муха нисделла хиллера нохчийн доь а ца дитинчу даймахкахь Келимат нисъялар?