Your browser doesn’t support HTML5
ХIокху тIаьххьарчу шерийн хиламашца доьзна куй биллал бен йоцучу Нохчийчоьнан къам дакъашка даьржина.
Цхьа дакъа махкара арадаьлла, оьрсийн гIаланашкахь дIатарделла деха, шолгIаниг пачхьалкхан дозанал арахьа, ткъа кхоолгIаниг даймахкахь дисина.
Тоххара дуьйнна дика а, вуон а цхьаьна доькъуш, дерзош хиллачу шина нохчочунна юккъе цакхетамаш хиларца, херо иккхина юккъе.
Цхьаберш, биэн дац, хуьлийла иза Европехь я Нохчийчохь, шен Iер-вахар ворхIе а дас лелийначу гIиллакхийн, ламастийн гурашкахь схьабогIу.
Цатов царна нохчаллех боьхна, гонахарнаш а кхардош, цхьаболчу нахера юьйлу сонталлаш.
Кху деношкахь Ютюбехь нахалаяьллачу видеоно юха а йоккха гIовгIа эккхийтина интернетехь, социалан машанашкарчу бахархошлахь а.
Францин цхьахайолчу гIалин кIоштахь ду и сурт.
Машенийн йогIучу кортежан юкъахь кегийчу нехан дастамбовлар гойту цо.
Дийцарехь, нускал дало вовшахкхетта и берзалой.
Маьхьарий детташ, акхарой санна хьийза уьш, вовшийн ларам боцуш, некъан низам я рагI ца ларъеш, вовшийн машенаш тIеттIа а етташ.
Мохехь ловзучу, цхьана машенан буьххье оьллинчу нохчийн байракхна бухахь, вовшашна а дуьйцург ца къасташ, вайн маттахь «Гора дуьне яI» хеза цхьана агIора, вукханхьара багахь «АллахIу Акбар» бохуш Делан цIе, еккъа эрчалла ю цара лелорийг,
Маьршачу пачхьалкхе а кхаьчна, марш баьттIа, дIахецабелла, бохуш, яппарш йо цхьаболчара.
Вукхарна гергахь, хьекъал ца тоарна, аьрхачу жималло далийтина гIалатло.
Тахана а билгалбовланза бу оцу видеон турпалхой. Амма оцу гонах дийцарш, къовсам хIинца а лахдаланза ду.
Маршо Радионо а айдира шен дийцар оцу хьокъехь.
Тахана цхьа сингаттам бадийна, махках бевллачу наха, бухарчу пачхьалкхан низамаш хьоьшуш, уьш шайх инзар а бохуш, кхарда а беш лелар ца тайна Норвегехь вехачу гоьваьллачу яздархочунна Эльдиев Микаилна а.
Эцца кегийчара шайн самукъадаьллачохь эккхийтина и гIовгIа сонталла а лерина, кхидIа дижийтича хIун дара-те, аьлла шега деллачу хаттарна иштта жоп делира яздархочо.
Эльдиев: «Вайн къоман цхьа хIума ду, стаг жима вара, самукъадаьллера олий, жимчу хIуманна тIехь «и-м кIезиг хIума дара» олий дуьтуш. Цкъа хIуманан ахь мах ца хадабахь. и мегар ду аьлла хеттий, юха кхин а галдаьлларг до. Соьга хаьттича, вайн къомаца, динца, гIиллакхашца догIуш доцург дуьйцуш ца хилча, нахана и мегар ду моьттар ду.
Нускал далор а дика хIума ду, самукъа а долу и далош, хелхарш до, амма, нехан махкахь-м хIунда хьехадора, вешан цIахь а хилча а оьзда доцург ду цара лелориг. Сонталла ю иза! Сонталла магош яц я динехь а, я вайн дайша а ца лелийна и. Сонта стаг - осала лерина вайн дайша».
Нохчийн цхьаболчу доьзалехь нисло, кIантера, йоIера цхьа вониг далахь, сонтачу ден Iедал ду хIусамнанна чугIерташ, «ахь Iамаваре терра ву хьан доьзалхо, хьо ю бехке» бохуш, ша юьстахвуьйлуш.
Ткъа да воккхавевеш доьзалхочуьнгара диканиг долий, «дадин бож ю хIара, хьайн дех тера ца хилла, хьенах тера хила везара хьо», бохуш, дозаллаш до.
Изза сурт хIутту социалан машанашкахь а, нагахь санна, маьттаза, я бусулба динах хьакхалуш, я дайн гIиллакхашна цхьаъ тIехваьлла сакхте агIо гучуйоккхуш видео, я сурт интернетехь хаалахь, «хIан-хIа, и цIена нохчо вац, иза суьйли ву», «я кхечу къомах ву» олий, нехаш кхечунна тIе а хьокхий, шаьш цIанбала гIерташ, йозанаш дуьту цхьаболчу нохчаша.
ТIе ца тов Микаил къаьмнашлахь цу тайпа къестамаш бечарна.
Микаил: «Бакъволчу нохчочо ден къамел дац иза! Вайн къоман юкъахь шортта тайпанаш ду кхечу къаьмнех схьадевлла. Тахана Iилманчаша схьадийцарехь, диъ чкъор хийцаделча, генетикан код хийцалуш ю,къоме воьрзуш.
Вайн дайша ворхI чкъор хийцаделла хилча, нохчо лоруш хилла милла а. Тахана и нах суьлех схьабевллехь а, жуьгтех схьабевллехь а, уьш нохчий бу, цхьа а шеко а йоцуш. Эзар шеркашкахь вайца бала а, гIайгIа а, дика а, вон а ловш вайца схьадеана къам муха къастор ду вайх дIа?
Вайн мотт, гIиллакхаш, ламасташ тIе а эцна, Iаш болу нах нохчий бац муха эр ду? Цхьа а бух болуш дац и тайпа къамелаш!»
Нохчийчохь тIом марсабаьллачул тIаьхьа шен доьзална маьрша дахар лоьхуш Франце кхаьчна Арсанукаев Асвад. Цигарчу Iедало тховкIело а елла, долчунна хастам а беш веха иза тахана.
Дагах кхетта цунна а, шен махкахой оццул дастам леларна. Шен махкахь-м хIунда дуьйцура, элира цо тхан къамелехь, аренца гуттар чIагIвелла, къовлавелла хила веза стаг.
ХIунда веза а дийцира Асвада.
Арсанукаев: «Муьлхачу гIалахь хилла и хууш вац со. Амма массарна а санна, суна а новкъа деана и сурт. Вайн къомана юьхькIам беш хIума дац иза. Я кхузахь болчарна а, я махкахь бехачарна а. Къаьсттина аренца волу стаг цIахь волчул а чIогIа яхь, юьхь, гIиллакх лардан декхаре вара, хIунда аьлча, цо гойтуш дерг, вайн къам ду.
Таханалераниг дац иза, бIешерашкахь дуьйнна дайша схьадеана гIиллакх ду. Цара дика гайтахь дайшна а юьхькIам бу иза, вайн дайша мел лардинарг а, и доллучун а сий дойу-кх вай ишта дIалелахь».
Ютюбехь Iораяьллачу видео тIехь сонталлица хьийзачу тобан декъашхой цIарца хьенан, муьлш бу хууш дацахь а, Маршо Радиоца къамел динчу поэта Эльдиев Микаила ма-аллара, "тIех буьзначу, я иэс дайначу, тIаьххьара нохчаллех хедачу тIаьхьенан IиндагIаш ду".