"Хьох вала, сан гIала, даима хала ду..."
Your browser doesn’t support HTML5
Шахбулатов Iаднанан мукъам, дешнаш - Кусаев Iадизан, локху Буркаев Мовлада – Сан гIала.
Тем боцу бер санна,
Хьо зевне йоьлуш ю,
Iуьйренца гIаьттина,
Хьо балха йоьдуш ю.
Хьан сийна урамаш –
Сан деган пхенаш ду.
Сан гIала, туьйранал
Уьш хазахеташ ву!
ДогцIена йоI санна,
Хьо ирсе лелаш ю,
Даима зезагаш
Хьан карахь лепаш ду.
Хьан сийна урамаш –
Сан деган пхенаш ду.
Сан гIала, туьйранал
Уьш хазахеташ ву!
Набарна тевжина.
Хьо лаьмнийн карахь ю,
Олуш дерш Соьлжано
Агана иллеш ду.
Хьан бошмаш,
Майданаш –
Сан дагна хаза ду,
Хьох вала, сан гIала,
Гуттара хала ду!...