1991. Путч
ГКЧП декъашхой зорбан-конференци дIахьош бу Москох. Журналисташа тидам бира СССР-н вице-президентан Янаев Геннадин куьйгаш дегош хиларна. Марсхьокху-беттан 19 де. 1991 шо.
ГКЧП дуьхьалвелира РСФСР-н президент Ельцин Борис. Цо указ арахийцира Iедалша шена муьтIахь хила деза аьлла. Марсхьокху-беттан 19-чу дийнахь даьккхинчу кхун сурт тIехь РСФСР-ан Лаккхарчу Кхеташонна хьалха, танкана тIе а ваьлла, путчана дуьхьало яре кхойкхуш ву Ельцин.
Ленинградан бахархой арабевлла урамашка, ГКЧП-на шаьш дуьхьал хилар гойтуш. Марсхьокху-беттан 19 де. 1991 шо.
Москох юккъехь Калинин проспектехь ю танканаш. Марсхьокху-беттан 19 де. 1991 шо.
Танк ю Бородинский олучу тIайн тIехь. 20. 08. 1991.
Москох КIайн ЦIана хьалха барикадашна тIехь бу иза лардан арабевлла кегийра нах. 20. 08.1991 шо.
Москох, КIайн ЦIа. Ельцин ву ГКЧП-на дуьхьал бевллачу нахе куьг лестош. Дуьхьдуьхьаллаттар дирзира цуьнан агIончаша толам баккхарца. ГКЧП-н декъашхой лецна.
КIайн ЦIа лардан арабевлла нах. Марсхьокху-беттан 21 де. 1991 шо.
Путч юхатоха аьтто балар даздеш ву Ельцин а, цуьнан 100 эзар гергга агIонча а. Марсхьокху-беттан 22 де. 1991 шо.
ГКЧП-н декъашхой латтийна набахта.
1994-чу шарахь Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо амнисти йира ГКЧП-хь дакъалаьцна аьлла чубоьхкинчу нахана.