Дуьжуш дац Европехь бусалба зударийн духарна гонахьара дийцарш. Германехь а, Австрехь а немцойн маттахь „буркафербот“, аьлча а, бурка ехкар бохучу цIарца дIахьочу цу дийцарийн йистах ца йисира немцойн канцлер Меркел Ангела а.
Еаран сарахь меттигерчу коьртачу телеканалана АРД-ена ша еллачу интервьюхь мехкан куьйгалхочо элира, бусалб я бусалб йоцучу зудчо юкъараллехь шен юхь-сибат хьулдарх дерг низамо билгалдаьккхина хила деза, аьлла.
Цунна хетарехь, и проблема къасточу хенахь Iедалхоша юхьаралаьцна йолу принцип муьлхачу а адамна цхьа а хало а йоцуш идентификаци ян езаш хилар хила еза. „Цхьа адам юкъараллехь лелачу хенахь иза кхечу нахана мила ву къаьсташ гуш хила дезаш ду“, - элира цо, цу юхь къевлинчу зударшца хIоьттина долу чолхе хьал Iедало сихонца къастон дезаш хилар билгал а доккхуш.
Жимма хьалхехьо а хьахийнера Меркел Ангелас меттигерчу юкъараллехь йоккхачу IалагIожца кхелина йолу зударийн духарийн тема. ХьастагIа журналисташна хьалха цу хьокъехь ша йистхуьлуш цо элира, юхь-кедиг къевлина лелачу зударийн немцойн махкахь хаза дешарца а, балхаца а, юкъараллин дахарехь дакъалацарца а кхиаме хила аьттонаш бац, аьлла.
„Соьга хаьттича, юхь къевлинчу зудчуьн Германехь интеграци ян шансаш мискъазараталла бен яц“, - элира цо хIетахь. Ткъа Францин масалца зударшна юхь-сибат къовлар низамца дехкарх хIун эр дара ахь бохучу хаттарна жоп луш Меркел Ангелас элира: „Кхузахь политикан а, юристикан а терзанца оза дезаш дуккхаъ хIумнаш ду. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралла карарчу хенахь толлуш ю, цу некъахь муьлхарниш гIулчаш яха йиш ю бакъонан пачхьалкхан бохург. Со цунна цу тIехь сайн йолчу таронашца накъосталла деш а ю“, - аьлла.
Шен рогIехь немцойн чоьхьарчу гIуллакхийн министро Де Мезьер Томаса бусалбачу зударийн юхь къовлучу никъабех долчу низамехь и духар пачхьалкхан институцешкахь, хуьлда иза ишколашкахь я берийн бошмашкахь я кхелашкахь, я иштта кхин а, дехка а доьхкуш, амма урамехь, масала, туькана я базара боьлхучу хенахь мага а деш йолу пункташ хила тарло аьлла дIахьедар дина масех де хьалха. Ша къовлане юхь къовлар доьхкучу низамна дуьхьал хилар а хьахош цо элира, низамца и тайпа бехкамаш баро зударийн интеграцина гIо дийр дац, аьлла.
Бусалбачу Iелимнаха никъабаш лелор цхьаццадолчу къаьмнийн Iадатех ду, иза лелор ислам дино тIедуьллуш дац зудчунна бохуш дIахьедарш до юх-юха а Малхбузерчу хаамийн гIирсашкахь а. Иштта, масала, Мисрерчу Ал-Азхар университетан фатванех йолчу Кхеташонан инарла секретаро шейх Омран Халеда кху деношкахь Дойче Велле агенталлин ша еллачу интервьюхь кхин цкъа а билгалдаьккхира, я КъурIано а, я Суннехь а никъаб лелор тIедиллина дац, аьлла.
„Мохьмад Пайхамаро, делан салам хуьйла цунна, „хьайна луург яа, хьайна атта ерг тIейохий лелайе, амма зенаш а ма де, сетта а ма сетта“ - аьлла, - бохуш дийцира шайхс. „Зудчуьн духар бусалба динехь тIелетта а, дукха схьадиллина а хила ца деза, куьйгаш, юхь дIакъовлуш хила а ца деза“, - элира цо.
ХьастагIа Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь Венерчу нохчийн Iелимо Мусас а билгалдаьккхира, юхь къовлу никъабаш бусалба дино тIейожийна хиларна лелош яц нохчашлахь уьш лелочара, доккхачу декъехь цхьа ша-тайпа мода санна лелош ю аьлла.
Муса: „Уьш дукхаъ бац и никъабш лелош берш вайнахана юккъехь, дукхахьолехь кхона зударий бу уьш. Иманш совдевлла къевлла теша цара шай яххьаш аьлла хаьттича, суна цхьа мода санна хIума хета суна иза. Муьлха а хIума шаьш дечу хенахь, бусалба динехь иза муха ду-те аьлла хьажа веза, суна иштта лаьа, суна иштта хета аьлла деш ца хуьлу и санна олу хIума“.
Цу юкъана юхь хьулйо никъабаш хьовха, месаш хьулйо хиджабеш а кхера а, цаьрца Iамо алсамайала а йолаелла Европехь. Иштта масех де хьалха Францехь шен доьзалхо берийн беша дIаэцна яхана йолу цхьа хиджаб йоьхна бусалба зуда берийн бешан гIишлонна чу ца йитинера кхечу цига оьхучу берийн дай-наноша, шаьшна цуьнгара терроризман кхерам хета, аьлла. Ткъа хьастагIа Норвегехь дIайолийна хиджаб йоьхначу зудчунна месаш ца лоргуш духьал яьллачу меттигерчу месашларгархочунна тIехь кхел.