Iедалшна оппозицехь долчу «Кавказский Узел»сайтаца болхбеш хиллачу журналистна Гериев Жалавдина набахтехь даккха кхо шо кхайкхийна Нохчийчурча Шелан кIоштан кхело.
Гериевна бехкедина нароктикаш лелор. Амма тоьшалла данне а дац цунна, боху адвокато Мусаев Iалавдис.
Талламчашна даредина хилла Гериевс ша наркотикаш лелийна аьлла, амма кхелехь юхадаьна шен и дареш, шегара уьш тIехь гIело а еш дехира, аьлла. Адвокато дийцарехь, вуно дукха бехк-такхаман процессан гIалаташ дийлийтина шайгара талламчаша, амма кхело ца эцна уьш тидаме.
Адвокатаца Мусаев Iалавдица къамел а дина кечйина ю хIара материал.
Your browser doesn’t support HTML5