Шемара Германи баьхкина ах сов мухIажираш юханехьа шайн цIаберзор бу аьлла дIахьедар дина немцойн экономикан а, пачхьалкх кхиаран а министро Мюллер Герда. Цунах лаьцна КIирандийнахь хаам бина Welt am Sonntag олучу немцойн газето.
Министро дагадоуьйту, Югославера Германе баьхкина хилла ах сов мухIажираш масийтта шо далале шайн махка юхабирзина хилар.
Германино 25 миллион евро хьажийна мухIажираш цIахьажорца йоьзна программа кхочуш ян. Цу программица а догIуш, шайн махка дIахьовсош бу Германехь тховкъело лур ю аьлла сатуьйсийла йоцу нах.
Германера дIабахийтале и нах Iамор бу цхьацца говзаллашна. Царах эххаре а хир бу тоькан говзанчаш, тIулгбиллархой, гIишлош вовшахтасархой, аьчкан пхьераш.