Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Кхерамазаллин Кхеташо резолюци йийцаре еш ю Шемарчу Алеппо гIалана тIехула авиаци лелар буьззинчу барамехь дехакар хьокъехь.
Испанино а, Францино а кечдинчу документана тIехь кхайкхам бу Iамерке а, Оьрсийчоьне а, хьем а ца беш, ханна бина машар юхаметтахIоттабе Алеппохь аьлла.
ПIераскан дийнахь Оьрсийчоьно дIахьедар дира цу тайпа резолюцина шаьш дуьхьал хиларх лаьцна. Цул сов, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векало Захарова Марияс «пропаганда» ю элира Шемарчу маьрша бахархошна бомбанаш етташ йолчу Димашкъо а, Москохо а дина зуламаш талла деза аьлла Iамеркин Пачхьалкхан секретаро Керри Джона дина дIахьедар.