Your browser doesn’t support HTML5
Кху тIаьхьарчу 11-12 шерашкахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь хуьйцуш лаьтташ ду некъан низамаш. Ишта хийцамаш беш лаьтташ ду, тайп-тайпана бакъонаш талхорна, машенийн долахошна токхамаш бар тIедожош, детта гIуданаш а.
Шайн болх Iедалхоша сих-сиха тидам-тергоне эцарх бахьана а, юх-юха карзах а буьйлуш, къардайна хьийзаш го къаьсттина Нохчийчохь некъан низам ларден полисхой.
Цара Оьрсийчоьнан низамо магадахь а, цамагадахь а, ма-дарра аьлча и низамаш кIоршаме талха а деш, кIадбоццу хIуманаш юьхьар а лоьцуш, кест-кеста дIайоху бахархошкара машенаш, мелла варий, оьзна варий бохуш, телевизионехь сийсазе схьагойту, кхетош, лартIа балош болу махкахой.
И болх мел жигара а, марса а баьккхинехь а кхузахь некъахьовзамаш а, уьш бахьнехь нисло бохаме меттигаш а кхечу, лула-куларчу кIошташкахьчул кIезиг ю ала хала ду.
БIеннаш лазийна а, заьIапа бисна бахархой боцуш кху шарахь некъахьовзамашкахь веккъа дIакхелхинарг ву 100 гергга стаг.
Цхьаболчу тергамхоша а, бахархоша а даре дарца и терахь хаъал лакхара хила а тарло, стенна аьлча кIезиг масалш дац, хилларг хилла даьлла олий, Iедале а ца доккхуш, вайнахалахь девне меттигаш маслаIате ерзийна а, ерзош а.
Доза а доцуш могIарерчу нахана кхузахь халонга дуьйлург ду некъан низам лардан декхарийла болчу полисхоша шаьш и низам кIоршаме талха а деш, беш болу харц тIеIаткъам.
Цу хьокъехь, пайдабоцчу бахьаненна нахера машенаш дIа а йохуш,даккхий гIуданаш деттарх дуьйцуш ву со юьззина цIе яккха цу хIутту Новр кIоштехь со тIеIоттавелла некъахо Ваид.
Машенаш дIаяхарал сов лазаме долург ду боху Ваида, бехк берг боцург а телевизионехь дIа а гойтуш, адам юьхьIаьржа хIиттор.
Цунна моттарехь Iедалхошна чIогIа тайна цу кепара «нах иймане» балор. Ваид ву вистхуьлуш.
Ваид: «Хьаьнгге а орца даьккхина а оцу ГАИ-но лело харцонаш яр-кх совцо езаш. Доьхка дихкина дац олий а, лампанаш летта яц олий а тухий машенаш дIайоху. Дийнахь-бусий гIуданан лоттийлехь хан а йоккхийтий нахе токхамаш бойту. Ярташкахь урамашкахула тIаьхьа а хоьхкуш схьалоьцу нах.
Суна-м Iедална хууш лелий те уьш аьлла шеко а ю цхьана агIор. ШолгIа хIун ду новкъа догIург. Хьерваьлла вогIург а, мелларг а гайтарра-м кхин новкъа а дацара. Бехк берг а, боцург а цхьабосса стенна гойту, нах юьхьIаьржа стенна хIиттабо?
И ду со а, нах а цакхетарг. Дукха адам садетташ, цергаш хьекхош Iаш».
Схьагарехь, ондда бух болуш ду, "хIума дустарца девза" бохург. Пхийтта шо сов зама ю Ножай юьртан кIоштера Зеламха-Хьаьжа Европехь, Бельги пачхьалкхехь веха.
Цунна а, кхечу тIебаьхкинчарна а муха го Оьдахар,гуьйре,г1аш,рсийчуьра а, цуьнан кIошташкара а хьал?
Кхузарчу хьолаца дуьстича мел башхалла ю Европерчу дахаран? Оьрсийчоьнан цхьана кIоштера хьажа-хIотта веъначуьнгара а кхузахь, Нохчийчохь, машенан кораш тIех Iаьржа ду олий машен дIайоккху, низамо магош доцу гIуда туху. Дуьхьало яхь «бишка» а туху. Цу декъехь цигахь муха ду? Цу а, кхечу хеттаршна жоьпаш луш ву Европера веъна хьаша Зелам-Хьаьжа.
Зелам-Хьаьжа: «Европехь, бакълена а бакъ а долуш, паччахьна а, суна а низам лардар цхьабосса деза а, мехала а ду. Хьо министаран я директоран гергара вара аьлла, иза кIелхьара ца волу, бехках хьалха вуьтуш вац ванне а. Суна доллу гIуда хьаькамашна а туху. Министаран кIант цхьаъ даьлча дIавохуьйтуш велхьара цунах низам хир а ма дацара.
Цундела тхо низамах кхоьруш дац я кхера тхан хьашто а яц. Iедалехь болчара шаьш а лардо низам ,цаьрга терра бахархоша а лардо».
«Моллас де бохург де, цо лелориг ма леладе» бохуш кица-алар ду вайнахалахь лелаш.
Цунна а дайна, геналлехь хан а яьккхина, гергарниш ган, цаьрца марзо эца баьхкина вайнехан векалш уггар хьалха цецбуьйлург ду, Iедалдайша а, динан урхалло а, цхьана агIор иймане, бакъо-нийсоне доьхуш адам а долуш, вукху агIор юкъараллин синтем ларбан декхарийла болчу белхоша шаьш изза низам кIоршаме талхор, оццул Iедалхоша а, динан дайша а, иза ишта хила догIуш санна, тергамза дитар