60 % Оьрсийчоьнан бахархой интернетехь цензура хила еза аьлла хеташ бу. Цунна дуьхьал бу 25 %. Иза гойтуш ду Левада-центро биначу талламан жамаш.
Цу талламца а догIуш, хIора шолгIа вахархо шеко йолуш ву тIейогIучу хенахь интернет хиларна газеташ а, радио а, телевизион а дIаера ю бохучух. КхоалгIа дакъа иза хир ду аьлла тешна ду.
73 % респонденташна хетарехь, интернетера информаци теша мегар долуш ю. 10 % нах ца теша цуьнах. Оьрсийчура хьал дуьйцуш коьртачу телеканалаша яржочу информацех теша 90 % Оьрсийчура бахархой.
Левада-Центро шен таллам бина ГIадужу-бутт чекхболуш.