Мосул гIала юкъаерзийна шиIатоша

Иракъан Къилба агIор шиIатойн гIаттамхойн тобано исламистийн гIортор лаьттинчу Мосул гIалина го лаьцна. ШиIтойн тIемалоша хаамбина, шаьш чIагаран хьесапехь гIалин Малхбузен агIорчу курдойн «Пешмерга» олучу тобан эскархошца цхьаьнакхетта аьлла.

Мосул гIала шайн карахь латточу «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан тIемалой Иракъах а, Шемех а дIахадийна. Иракъан инарлаша дIахьедо, кхаарийн Iуьйранна Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа куьйгалла дечу коалицин кеманаша тохарш дарца дохийна Мосулера Тигр хих волу доьалгIа тIай.

Мосулна тIелатарехь дакъалоцуш ву 60 эзар тIемалой- Иракъан салтий, курдаш, шиIатой, меттигерчу суннитийн тукхамаш а. Бахначу баттахь дуьйнна долийна Малхбузерчу пачхьалкхийн авиацино тохарш.

Мосул йоккхуш бина тIом Иракъан дозанехь уггар йоккха тIеман операци лору дуккхаъчара 2003-чу шарахь Саддам Хьусейн даржера ваьккхичхьана.