Маржа яI, жималла-сонталла! (видео)

Москохарчу пачхьалкхан автоинспекцино талламаш болийина, Нохчийчуьра кегийрхой морса некъан низамаш а талхош, машен хаьхкина боьлхуш Интернетехь Iораяьккхинчу видеон.

Цу тIехь гуш ду лаккхарчу масаллица «Игра престолов» сериалехь гоьяьллачу эшарца, буькъачу некъан юккъехула, кхечарна новкъарлонаш а еш, доллу дуьне шайн карахь долуш санна, машен хаьхкина боьлху кегийрхой.

Russian Gate сайтан хаамашца, юьхьанца видео Венехь вехачу нохчийн латархочун Эльсаев Мансуран Инстаграмерчу агIонтIехь гучуяьлла.

Видеона буха язйинчу хештегашлахь билгалъяьккхина ю #berkut.

Хетарехь, и хештег нохчийн латархойн «Беркут» клубаца йозуш ю.

Болчу хаамашца, машен лелориг ву махкара ММА ассоциацин куьйгалхочун Хасиев Майрбекан кIант Заурбек.

Цуьнца цхьанаболу накъостий а бу Нохчийчуьра латархой - профессионалаш.