Дайн ламасташ а дитина - Iаьрбийн битамашка

Iаьрбийн гIиллакх-амалш юьхьарлецар нохчийн юкъараллехь тIаьхьло йолуш хир ду аьлла ца хета цхьаболчу Iилманчашна а, Iеламнахана а.

Your browser doesn’t support HTML5

Дайн ламасташ а дитина - Iаьрбийн битамашка

Кху тIаьхьарчу шерашкахь вайнехан юкъараллехь Iаьрбийн гIиллакх-амалшна тIаьхьабазар, леларца а, къамелаца а царех тарбала гIертар тергалдаларо сагатдо, дайх дисна гIиллакх-Iадаташ, ламасташ деза а, мехала а хетачу цхьаболчу бахархойн.

КIорге а ца вуьйлуш, кхузара Iар-дахаре тIехула бIаьрг тоьхча, мотта а ло нохчийн юкъараллехь, хIинццалц схьа русификации санна, масачу боларехь дIайоьдуш Iаьрабизаци ю.

Мел цатовш, цIармата хеталахь а, кегийрхошлахь а, кхиазхошлахь а, (божарех баккхийнаш-м бийца а ца оьшу), ког баькх-баьккхинчохь го мекх-мажош, чух-чухула ган а гуш еха кучамаш, пазата чубоьхкина хечийн когаш.

Ишта юьхь-сибат бен гуш доцуш, дегI хьулдина тIеоьзна духаршца къаьсташ бу цхьаболу мехкарий а, хенара зударий а.

Маьждигашкахь а, вон-дика луьстуш, нахана хьехамаш бечу цхьаболчу молланашкахь а, имамашкахь а хаало, масала цара доIа деш, фатихьат я еса доьшуш, Iаьрбийчух тера аз-дешнаш кIеда ала гIертар, хьал ца хуучунна и нохчо мукъа а вуй те аьлла, шеко а кхоллалуш.

Делахь а дуккха а бахархошна моттарехь Iаьрбийн хIумнашна тIаьхьабазар цхьа мур дIабаьлча, лекъар долуш, вайнехан дахарехь кIарглур доцуш, хIума ду.

Ишта хьажам болчех ву хьехархо, суртдиллархо, ненан меттан агIонча Соьлж-ГIалин кIоштан Чечанара Пашаев Абу.

Абу: «Валлай тхох Iаьрбийн хира-м дац, лала а дина юха кепа тоьхча а. Тхо хIума ца лачкъош а Iийр дац, хьарцахьа дерг ца лелош а Iийр дац. Iаьрбийн хIума юьхьарлецар бух болуш дац, аьттехьа а дац. Зудабераш хиджабаш лелайо.

Суна гергахь маре баха лууш лелош бу дукхахберш. Шаьш уьш лелийча, маре нисдаларе сатуьйсу хир ду-кх цара. Мода яц, цунна суждане эхар санна хIума дукха ишта духарш лелор а. И интернет дIа ца яккхахь гIучIа хир болуш бу-кх. Шалхонаш цалелор, аьшпаш цабиттар дар-кх суннат…»

Шен къоман мехаллаш, хазнаш йовза а ца евзаш, тIаьхьло йоцуш, цхьа модехь долу дела леладо дукхахболчара дайша ца лелийна духарш .

Урхаллехь болчаьрга хьажжина лелош берш а бу, бедарш елахь бедарш а, хатI а, куц-кеп а, урхаллехь болчарна хIуьттаре йо шаьш бохуш, маж охьа а хоьцуш, мекхаш дIадошурш а бу.

Ишта хьажам болчех ву Нажай-юьртан кIоштера историн Iилманца Iаднан.

"Духарца Iаьрбех тарбала гIерташ бу цхьаберш, -боху Iаднана.

- Церан духар динан духар доций хаа дезара царна, уггаре а хьалха -иза къоман духар ду.

Цхьаннех тарбала а ца гIерташ вайн дIабаханчу баккхийчара, зударша масала, ца лелийна дегI хьулдеш духарш? Лелийна.

ХIинца хиджаб-миджаб аьлла мода йолийна. Суна иза шен халкъах, цуьнан оьздачу духарх цабашар хета. Къоман юьхь ю (идентичность бохучу маьIнехь) мотт, йоза, духар, амалш, гIиллакхаш, Iадаташ…Уьш лардан хьовса дезара дависарг..»

Ишта жоп делира Нажай-юртан кIоштерчу вахархочо Iаднана, Iаьрбийн хьу - чулацам йолу тергамаш баьржаш-м ца хета хьуна нохчашлахь аьлла хаьттича.

Мискъал зарратал шеко яц шен боху Iаьрабизаци хьокъехь Теркйист кIоштерчу Ломаз юьртарчу Iеламстага Лечиев Шаида.

И кхерам бу бохург цо, ма дарра аьлча, буххера дуьйна а бакъ ца до. И кхерам муха хуьлу боху цо, динан кIорге а йолуш, тIехула девзина а, Iаьрбийн гIиллакхаш, Iар-дахар а девзаш, вистхила а, хьехам а бан а, маьждигашкахь нах а ца тоьуш къоьлла хIуттуш хилча.

Цунна моттарехь арахьарниг хаа а, довза а луучунна уггар хьалха ненан мотт биста кхаччалц, шен къоман мехаллех кхиъна хила веза. Лечиев Шаид Хьажа ву вистхуьлуш.

Шаид -Хьаьжа: «Суна ца хета Iаьрбийн гIиллакх-амалш дахарехь чIагIлуш ду аьлла. Кху юьртахь хIутIаб деша цхьа стаг мукъана а хир вацара те бохуш сатуьйсу оха, уьш ба-м бац. Ингалсан маттахь я Iаьрбийн маттахь дош а аларх галдала хIумма а ма дац.

Суна ца моьтту я иза стенна дуьйцу а ца хаьа. Хьайн маттахь къахьега деза, цунна ницкъ бала беза, гIо дан деза. Яздан деза, дийца деза. Хьо вахабхо вуй, капиталист вуй олу.

Олу, хьо ца вевзачо а, ца везачо. Мел мерза бу,мел хаза бу нохчийн мотт. Бен-бечу хабаршка лан а ца доьгIуш шен меттан бала кхача беза хIораннан а".

Нохчийн Iар-дахарехь Iаьрбийн ламаст-гIиллакхаш заздоккхуш хеташ берш белахь а дукха цахилар го ахкаме ваьлча.

Хаъал алсам бу Iаьрбийн хьу-битамаш вайнехан дахарехь цхьа кхане йоцу моха, мур хетарш.