Боьрзуш бу Австрехь президентан харжамаш

Австрерчу президентан харжамашкахь лидер ву Баьццарчу партин хьалханча лаьттина 72 шо долу кандидат Ван дер Беллен Александр. Цуьнгахьа бу, цкъачунна багарбинчех, 53,6 процент кхаьжнаш. Аьтто-популистийн Австрин маршонан партерчу 45 шо кхаьчначу Хофер Норбертехьа багарбелла 46,4 процент кхаьжнаш цкъачунна.

Амма Хофер хьалхавала а сахьт дац аьлла хета тергамчашна.