Милашинас аьхкина стохка Бенахь Кадыровна йина кIело

Милашина Елена, журналист

Дахначу кIирандийнахь Нохчийчуьрчу Талламан комитето бехктакхаме гIуллакх дуьхьалдаьккхина мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан вен Iалашонца яхначу бIаьста кIелойиначарна.

Your browser doesn’t support HTML5

Милашинас аьхкина ахшо хьалха Бенахь Кадыровна йина кIело

Схьадийцарехь, Кадыров вен тоба вовшахтоьхнарг ЯмадаевгIеран вежарех цхьаъ ву бохуш, шуьйрра артикл арахецна «Новая газета» журналисто Милашина Еленас.

Экстремизмана дуьхьало латточу центран куьйгалхочо, подполковника Межидов Тимура шен рапортатIехь бинчу хаамашна тIе а тевжаш, Милашинас яздо, кху беттан 23-чу дийнахь Гуьмсехь, «Iайшат» олучу йохка-эцаран туьканна уллохь лецна Альвиев Iазиз, Закараев Беслан, Магомадов Шамхан.

Цара къаро йина, Ямадаев Iийсас куьйгалла а деш, шаьш Нажин-Юьртан кIоштахь Кадыров Рамзанна яккхий тоьпашца а, лелхийтаршца кIело ян кечамаш беш хилла хиларх.

«Новая газета» хаамийн ресурсан шеконашца, стохка Оьрсийчуьра араваьлла Ямадаев Iийса Дубайхь вехаш ву.

Вежарех пачхьалкхан Думан депутаташлахь хилла Ямадаев Руслан 2008-чу шарахь Москох вийра, шолгIа ваша, «Восток» эскаран хьалханча Сулим цул тIаьхьа шо даьлча Дубайхь вийна карийра.

Газетано чIагIдарехь, 2009-чу шарахь Ямадаев Iийса а хилла Кадыровн мостагIийн тептаршкахь вен кхачийначаьрца.

Кадыровн гергара нах байарна бехкебо ЯмадаевгIар, оцу шина доьзална юкъахь чIиран мостагIалла лаьтта шераш ду.

Журналистна Милашина Еленина хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна кIелояро гойту, мел дуьхьал ду адам цигарчу Iедална а, иттанашкахь нах шайгахьа баха ницъ тоьъначу ЯмадаевгIеран позицеш мел чIагIо йолуш ю а.

Кадыров Рамзанна зуламдангIортарх стохка гурахь дийцаредаьккхира дуьххьара.

ХIетахь, дуьххьара газетано Iорадаьккхира, ФСБ-ра а, Талламан комитетера а шайн къайлахчу хьосташа бинчу хаамашна тIе а тевжаш, Нажин-Юьртан Бенахь йолчу мехкан куьйгалхочун резиденцехь йоьллина оьккхуьйтург карийна аьлла.

Амма зуламна Iедал дукха сиха тIаьхьакхиира. Мехкан куьйгалхочун администрацин урхалхо волчу Кадыров Исламан шича, Валид цIе йолу жимстаг лецира шеконаш кхоллаелла хIетахь.

Газето даредарца, ларамза нисделира иза. Бозбуанчаллица Кадыров Исламехула республикан куьйгалхочун къайлах лелочу телефонан лоьмар хиира Валидна.

Билгалдаккха деза, Кадыров Валидан ненехула гергара хиларх ЯмадаевгIар.

Мехкан куьйгалхочун пресс-секретара Керимов Iалвис харцдира резиденцехь йоьллина оьккхуьйтург хиларх, цул совнаха, цхьана а кепара Кадыровна кIело йина бохург а бух боцуш тидира пресс-гIоьнчано.

ТIаьхьо, кар-кара оьцуш кеп-кепарчу хамийн гIирсаша дийца даьккхича, Инстаграмерчу шен пенатIехь Кадыров Рамзана цецваларца хаттар дитира «Суна хIунда ца хаьа?» аьлла.

Оцу юкъанна, журналисташца шен хиллачу къамелехь дийцира Кадыровс, ша куьйгалле веачхьана, дукхазза шена кIелоян гIертарх а, кхин дIа йолчу заманчохь а гIертар хиларх а.

«Со, Нохчийчоьнан Конституцин гарант а, Оьрсийчоьнан патриот а хиларе терра, ца веза цхьадолчу пачхьалкхехь летачу жIаьлешна. Амма со ишта атта царна къарлур вац, тхо тхешан республиканна а, пачхьалкхна а гIаролехь лаьттар долуш ду!» аьлла, тIе а тухуш.

ХIетте а, зорбанашкахь дахначу шеран бIаьста ша вен кечам беш хилла тоба караярах дийцар, керстдира Кадыровс.

«Сан резиденцехь оьккхуьйтург йоьллина хиллий, и бехке хиллий, хIара хиллий бохуш, цIерашца дийцарш кIадбоцурш ду, хIуш духкучу къеначу зударша дуьйцу эладитта ду и», аьлла, дерзийра къамел мехкан куьйгалхочо.

Мел бакъ ду –те, Кадыровна дукхазза вен дагахь кIелонаш йина бохург? Я ша шена пиар ян дагахь хецна дуьйцу къамелаш ду-те уьш?

Маршо Радион аьтто ца хилира «Новая газета» журналистца, Кадыров Рамзанна кIелоярх талламан болх арахецначу Милашина Еленера комментарий еха.