ГIумкийн вордана хиича, гIумкийн илли ала

Австрехь Iедало шен тховкIелонах долу дехар къобал а ца деш, махкара ара ца бовлуш Iийначу мухIажаршна гIуда тухур ду Австрин Iедало.

Your browser doesn’t support HTML5

ГIумкийн вордана хиича, гIумкийн илли ала

Австрин урхалло кху деношкахь къобалйиначу реформашкахь цхьа могIа хийцамаш мухIажарех хьакхалуш бу.

ХIора кIиранахь 500-на тIера 1000 стаге кхаччалца наха тховкIело йоьхучу махкахь тIеоьхучийн терахь лахдан а, ткъа иштта а хIинцалца цхьа махкахь тховкIело еха кадаьллачийн интеграци гIолехь ян.

Цул совнаха Iедало тайп-тайпанчу бахьанашца тховкIело ца луш, Австрера юха арабаха сацам бинчу нехан хьокъехь а лерина билгалдахарш урхаллин керлачу программехь.

Уггаре а шогачех гIулч цу тIаьхьарчу категорех хьакхалуш ю ала мегар ду – меттигерчу мухIажарийн хьукмато тховкIелонах долчу дехарна дацаре жоп а делла, цхьаьна билгалчу хена чохь махкара аравалар шена тIедожийначу, амма и тIедожор кхочуш а ца деш, къайлаха кхин дIа а Австрехь хан йоккхуш волчу мухIажарна.

ХIинцачул тIаьхьа иза гучуваьлча цкъа хьалха 5 эзар евро гIуда тухур ду, ткъа шозлагIа гучувалахь 15 эзар евро хир бу гIуданан барам.

Доккхачу декъехь мухIажарийн и тайпа гIуданаш такха таро ца хуьлу дена, цаьрга юкъараллин пайдехьа белхаш байта бакъо хир ю Iедалхойн – кхеташ ма-хиллара, луш алапа а доцуш.

Адамийн бакъонашларйархоша а, мухIажаршца болх беш йолчу меттигерчу институцийн векалша а емал беш бу урхаллин и керла сацам.

Цхьаьна агIор, шех бала хIара аьлла пайда боцуш лору цара иза, ткъа вукху агIор – мелхо а, Iедална кхин а алсамох зе а, харжаш а хир йолуш лору.

ХIунда аьлча, хIинцалца схьа а яра Iедалхойн легале а боцуш Австрехь хан йоккхуш болчу негативе сацам шайн хьокъехь хиллачу мухIажаршна гIуданаш тоха бакъо – 2500 евро дуьххьара лаьцна, 5 эзар евро цул тIаьхьа.

Бакъду, и гIуданаш мухIажаршкара цкъа а аьлча санна дахалуш дацара, церан уьш такха таро ца хиларна, бохуш дийцира меттигерчу телевизионехь Австрерчу мухIажаршна а, гIийлачарна а гIо кхачош йолчу Диаконие юкъараллин векало Ридл Кристофа.

Цунна хетарехь, керлачу сацаман тIаьхьло иштта хир ю – хIинцалца схьа а совтIех юьзна йолу меттигера набахтеш гIуда такха таро ца хиларна чубоьхкинчу нахах йоьттина хир ю. Царна юург-молург а, набахтехь йоккхучу хенахь уьш ларбеш а, царна Iуналла деш а хуьлуш долу зе дуккхаъ алсамох хир ду цу наха юкъараллин пайдехьа мехаза бечу белхах болучу пайданел.

Цул совнаха, юстицин системина а, полицина а, хьукматхошна а шайн коьртачу балха тIера церан хан яйъа доьзуьйтуш бала хир бу цу сацамах.

Цундела, урхалло мухIажаршна гIуда тохарх тIеэцна болу сацам бакъдолчехь бахархойн тидам кхин а чолхечу проблемашна тIера дIабаккха тIеэцна бу аьлла хета цунна.

Ала догIу, карарчу хенахь Австрехь Iедало шайн тховкIелонах долчу дехарна дацаре жоп деллачул тIаьхьа шайна полицига депортаци ца яйтархьама къайла а бевлла, Iедална уьш мичахь бу я цара хIун лелдо ца хууш масех эзар стаг ву.

Царех цхьаболчара шаьш махкара арабевлчуха кеп еш, 5-6 баттахь цхьанхьа къайла а бовлий, хан йоккхий, цул тIаьхьа кхин цкъа тховкIело йоьху.

Цул совнаха, негативе сацам шайн дехаран хьокъехь бинчу мухIажаршна юккъехь ду цхьа дакъа, царна мел чIогIа лиъча а шайн даймахка юхадерза йиш йоцуш, хIунда аьлча уьш схьабевллачу мехкашца Австрин мухIажарш юхаэцаран хьокъехь бина барт ца хиларна.

Уггаре а лазаме иштта баха меттиг боцучу мухIажарех хьакхалур бу и урхаллин керла сацам.