"Нохчийчуьра кхелахой шайн болх дика хууш бу, амма маьрша бац"

«Кавказан узел» журналистан Гериев Жалавдин хьокъехь Шела-кIоштан кхело бина сацам юхабаккхар доьхуш Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхеле дехар дина цуьнан адвокаташа Мусаев Iалавдис а, Ермолаева Надеждас а.

Стохка ГIуран-баттахь Шеларчу кхело, наркотикаш лелош ву аьлла бехке а вина, 3 шо хан кхайкхийра Гериевна.

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелехь «говзанчаш бу», амма «маьрша бац» аьлла билгалдаьккхина Гериевн адвокаташа.