Хасиев Сайд-Мохьмадан нохчаллех жаргин презентаци хилла

Этнограф Хасиев Сайд-Мохьмад

Соьлж-ГIаларчу Айдамиров Абузаран цIарахчу Къоман библиотекехь презентаци дIаяьхьина этнографан, историкан Хасиев Сайд-Мохьмадан «Нохчалла» цIе йолу керла арахецначу жаргин. Оцу барамехь дакъалаьцна юкъаралхоша, Iилманчаша, хьехархоша, яздархоша, студенташа.

Зорбане яьккхинчу книги тIехь дуьйцу нохчийн тоьллачу гIиллакхех, ламастех.