Проблемех лаьцна дийца журналисташна а, бакъонашларъярхошна а уггаре кхераме меттиг ю Къилбаседа Кавказ. Цунах лаьцна дуьйцуш ду шен дIахаийтарехь Amnesty International дуьненаюкъарчу бакъонашларъярхон организацино. Шайн рапорт довзийтина цу вовшахтохараллан векалша Москох.
Масал санна далош ду журналистан Гериев Жалавдин гIуллакх. Бакъонашларъярхошна хетарехь, иза набахатана чувоьллина, харц бехк а кховдийна.