Сталин дагалоцуш гулам хилла Дагестанехь

Дагестанерчу коммунистийн жигараллица Сталин Иосиф велла 64 шо кхачар дагалоцуш гулам хIоьттира ХIинжа-ГIалахь цунна биллинчу х1олламна уллехь.

ХIордана гергахь, ХIинжа-ГIала веана, иза лаьттинчу метте хIоттийна х1оллам.

Баьхкинчара бохура, Сталинан мехалла тахана а хаало Дагестанехь. «Дукхахберш кхета, Сталин пачхьалкхан коьртехь волуш къоладаррий, терроррий, кхидолу зуламаш дацара лелаш, цо тоьлла хийцамаш бира халкъалахь, хазйира, чIагIйира пачхьалкх, хIинца хаало иза оьшийла», элира гуламехь Дагестанан Халкъан палатин декъашхочо Хадулаев Шемала.