Оьрсийчоьнан 45 процент бахархой догреза бу премьер-министре Медведев Дмитрийга дарж дитийта. Карарчу баттахь Левада-центро бинчу талламан жамIаш ду иштта.
Дахначу шеран Стигалкъекъа-баттахь дуьйнна тешам бан боьллера бахархойн Медведевх. Талламчийн хаттамца, стохка билгалбаьккхинчу баттахь 14 процент бахархойн бIо булура премьер-министрах, ткъа ГIуран-баттахь терахь хаъал охьаделира 9 % кхаччалц.