Шен рейтинг лахъяларна саготта ву Медведев

Коррупцица къийсам латточу Фондо бина талламаш бахьанехь, шен рейтинг охьа а йоьжна, бахархой митингашка бийларо синтем байина Оьрсийчоьнан вице-премьеран Медведев Дмитрийн. Премьер -министрна гергарчу шина хьостано еллачу информацина тIе а тевжаш, Bloombergо бина и хаам. Социологийн хаттамаша дуьйцург тидаме а ца оьцу Медведевс аьллера хьалхо, цуьнан пресс-секретара Тимакова Натальяс.

"Левада-центро" кхаарийдийнахь зорбане даьхначу терахьашца, Оьрсийчьура 45 % бахархошна Медведев даржах мукъавала лаьа. Кремлна уллерчу шина агенталлана хетарехь, хинболу президентан харжамаш герга мел кхочу Медведевн позици техкаме хир ю.

Bloomberg-ан хьосташа чIагIдарехь, Оьрсийчохь дIахьочу антикоррупцин митингех «вон сюрприз» хилла Путин Владимирна.

Зазадоккхучу-баттахь Навальный Алексейн коррупцица къийсам латточу Фондо «И Димон вац шуна» аьлла, цунна гонах шаьш бинчу талламан жамIаш Iорадаьхнера.

Фондо бахарехь, Оьрсийчоьнан вице-премьеран коммерцица йоьзна йоцчу фондашкахула эцна Европан пачхьалкхашкахь чу- ара ца баккхалун бахам а, хи кема а, агрокомплекс а, кемсийн бошмаш а ю.