МухIажиршна бале валале сацийна зуламхо

Your browser doesn’t support HTML5

МухIажиршна бале валале сацийна зуламхо

Германехь цхьа расистийн хьежамаш болу эпсар, ша Шемара мухIажар ву а моттуьйтуш, террорхойн тIелатар дан кечлуш хилла. Полисхоша лаьцначу цу жимчу стага баккхий кечамаш бина хилла, шен Iалашонаш кхочушъян.

Зулам дан кечлуш верг 28 шо долуш хилла. Иза немцойн Бундесверехь болх беш волу эпсар ву, лакхарчу лейтенантан даржехь а волуш.

МайнтIерачу Франкфуртерчу прокуратурин векалша динчу дIахьедарца, цо тIаьхьарчу хенахь Европехь хиллачел а инзаре тIелатар дан кечлуш хилла, ка ма доллу алсам нах а бойъуш, гIишлошна зенаш а деш.

Бахьана – бусалбачаьрга а, кхечу къомах болчу нахе а цуьнан болу цабезам хилла.

Цу стеган Iалашонехь кху шеран Чиллан- баттахь дуьйна шеконаш кхоллаелла хилла Германерчу Iедалхойн. Дечкен- бутт бовчу хенахь луларчу Австрин коьртачу шахьаран Венин аэропортерчу куьйгаш диларан чоьнахь цхьаммо дIалачкъийна йолу масатоп гучуяьлла цигарчу полисхошна.

ТIаккха цара иза меттах а ца йоккхуш, цунна тIе мила вогIу хьожуш хадина. Цхьа кIира даьлча шен герз дIадахьа веана волу немцойн жимстаг билгалваьлла Iедалхошна, цара цунна тIехь тидам бар а долийна хIеттехь.

Талламаш дIахьошболчу полисхошна гучудаьлла тIаккха и стаг немцойн националистийн гонашца уьйраш йолуш а, ксенофобин хьежамаш болуш а хилар, мигранташ, къаьстина бусалба дин лелориш ца безаш.

Цундела ша цхьа террорхойн тIелатар а дина, иза мухIажаршлахь болчу радикалечу исламхоша дина моттийтархьама араваьлла хилла иза. Цо цу Iалашонца уьйраш йина хилла Австрехь а, Францехь а бехачу ша санна хьежамаш болчу аьтто-радикалечу нахаца.

Цундела Германерчу зуламхойн хьокъерчу федералан хьукматан 90 белхахочо лехамаш дIабаьхьнера цу кхаа пачхьалкхан гIаланашкахь. Ерриш а 16 петар яра цара теллинарг – цо а гойту, терроран эккхийтар дан кечлуш хиллачу эпсаро леринчу зуламан барам.

Ша зуламхо, ала дашна, ша лоцучу хенахь шен балха тIехь Баварин лаьттарчу Хаммелбургехь Бундесверан тIеман Iаморшкахь хилла. Иза цу гIалахьий, цул совнаха Германин дозанехь Iуьллучу Илькирш-Граффенштаден олучу Францин гIалахьий эскархочун декхарш кхочушдеш хуьлуш хилла.

Германин а, Австрин юкъараллашкахь йоккха IалагIож яьржина и хIума бахьана долуш. Ши кIира хьалха шена масех миллион саяккхархьама немцойн Боруссия Дортмунд футболан ловзархойн байъа гIоьртинера цхьа оьрсийн жимстаг.

ХIинца мухIажаршна тIедиллархьама нах байъа кийча хилларг лаьцна. Германехь вехачу нохчийн диаспорин жигархочо Салгириев Асхьаба дийцарехь, и санна долу зуламаш тIейогIучу хенахь алсамдовлахь а цецволийла дац, хIунда аьлча юкъараллехь хIинцачул масех шо хьалхачул дуккхаъ совйаьлла тIебаьхкинчаьрга гамо.

Салгириев:Тахана Iуьйранна дуьйна массанхьа а дуьйцуш ду иза кхузахь массо а хаамийн гIирсашкахь. Доккха хIума дац и саннарг дагдар а- лерина ваха а вахана, ша мухIажар волчуха кеп лелош, цигахь Iан а Iаш, и къахьега кийча хилла-кх иза и шен зулам кхочушдархьама.

Цу хIумано а гойту, муьлха а зулам дан а дина, иза юха мухIажаршна тIедилла йиш юйла. Цхьа дика, Делан къинхетамца, полисхоша лаьцна иза. Делахь а, тIаьхьарчу хенахь и саннарг хезча башха цец ца волу цхьа а – пхи-ялх шо хьалха ца хиллачу кепара тIебаьхкинчу нахе цабезам лакхабаьлла кхузахь“.

Цу юкъана, лаьцначу немцойн эпсарах лаьцна керла хаамаш бовзийтира еари дийнан делкъал тIаьхьа Франкфуртерчу прокуратурано. Леринчу брифингехь цу хьукматан векало дийцира, 2015-чу шеран ГIура- баттахь, уггаре а дукха мухIажарш Германе схьаоьхучу муьрехь, Гиссен гIалахь мухIажарийн могIарех дIа а ийна, ша а тховкIело лоьхург волуш санна дIавазвелла хилла иза. Хетарехь, хIеттехь кхоллаелла хилла цуьнан ямарт Iалашо.

Ткъа цул тIаьхьа бутт баьлча, 2016-чу шеран дечкен баттахь цунна мухIажаран кехаташ а, юкъараIойлехь чоь а схьаелла хилла.

ХIетахь дуьйна цунна массо а мухIажаршна луш долчу барамехь ахча луш а хилла Iедало.

Прокуратурин белхахочо иштта хаам бира, потенциалечу террорхочуьнца декъа хиларна кхин цхьа стаг а лаьцна аьлла – Оффенбах гIалара 24 шо долу студент.