Путин Владимира президентан харжамашкахь хьалхарчу муьрехь толам боккхур бацара, нагахь уьш гергарчу кIирандийнахь хуьлуш хилча. Дуккха а адам цу харжамашкахь дакъалоцуш хилча, цо гулдийра дара 48 процент кхаьжнаш.
Иштта жамIаш ду «Левада-центро» бинчу социолгин талламан, хаам бо "Коммерсанто".
Оьрсийчуьра 42 процент харжамхоша хIинца а сацам ца бина хьаьнгахьара кхаж тосур бу шаьш 2018-чу шарахь президентан харжамашкахь.