Оьрсийчоьнан кхерамзаллин урхалло (ФСБ) хаамбина, Москох лаьцна цхьана Юккъерчу Азин махкара вахархо, иза Петарбухахь терроран талор диначийн декъахь хилар зуьйш, аьлла.
Лаьцнарг ву М.Б. Эрматов. Ша-шен эккхийтинчу Джалилов Акбаржонца иза уьйрехь хилла аьлла хета ФСБ-на.
Бутт хьалха Петарбухарчу метро чохь дира эккхийтар. 16 стаг велира. Иккхинарг гIиргIазо Джалилов вуйла хаийтинчул тIаьхьа лецира зуламна бехке хила тарлуш волу кхин а массех стаг – уьш а бу Юккъерчу Азерчу къаьмнех.
Ши кIира хьалха ФСБ-н директоро Бортников Александра дIахьедира, зулам дан нах арабаьхнарг вевзаш ву, аьлла, амма ца яьккхира цхьаьннан а цIе.