Your browser doesn’t support HTML5
ГIалгIайн махкахь зуда ялош ечу харжан барам лахбар юха а карладаьккхина меттигерачу диндайша. Массо а агIор: томанна хьочу ахчанна а, захан хьочу хIуманна а, нускало марзхошна дечу совгIатан а, ур-аттала. тойнехь жижиг кхехкочу говзанчана луш долу ахча а жимдан дезаш ду.
ГIалгIайн махкахь бусулба умматех болчара къобал а дина, тIеэца дезаш ду и керла низам. Цуьнах дийцира ГIалгIайн мехкан къедан гIовс волчу Хаштыров Мохьмада.
"Нахана юкъахь даржийча дика хир дара и гIуллакх"
Хаштыров: "Хьалха конференцешкаь юкъедаьхна дехкарш ду уьш. ХIинца нахана карла а даьхна, цхьана а тоьхна, мехкан бахархошна атта хилийта аьлла дина ду иза. СовгIатана дукха хIуманаш а луш, томана 200 эзар сом а луш лелара махкахь. ХIинца томан 40 эзар сом ду кхайкхийна.
Иза нахана юкъахь даржийча дика хир дара аьлла, имама сацам а бина, даржийна кехат ду-кх иза".
Керлачу низамашца зуда ялор диндайша билгалдаьккхинчунна тIехь сацахь, иза дIадерзалур ду 59 эзар соьмах. И юкъадаккхале оцу харжан барам бара мел лаххара а 317-350 эзар сом.
Иштта тIедожийна йоI маре йоьдучу хенахь, мардена а, марнанна а, марвежаршна а, маьрйижаршна совгIаташ дала цаэшар. ТIехсов харж яран бехкам зуда ялочу агIонна а тIехь ду.
И дехкарш хIинца юкъадаьхна дац. Массийта шо хьалха хилла иза. ХIинца дуьйцуш дерг оцу низаман карладаккхар ду. Муха тIеэцна наха иза? ХIетахь дуьйна кхочушдорий аьлла хаьттира ас гIалгIайн журналисте Чапанов Вахига.
Чапанов: "Суна-м дика хета и ваIда. Наха массара а лелор дац. ХIинца ахча дIа ца лахь а, тIаьхь бахка а баьхкина дIалур ду къайлах. Лелор дац иза. Хьалха а ма дара иза юкъадаьккхина".
ГIалгIаймехкан къедан гIовсан Хаштыров Мохьмадна хетарехь, шаьш юкъадаьхна ваIдаш наха кхочуш до. Наггахь хуьлу, элира цо, и низам дохош берш а.
"Муфтият болх беш яц аьлла, къамелаш девлла".
Хаштыров: "Дукхачу хьолехь махкахь кхочушдеш ваIда ду иза. Нахана карладаьккхича бакъахьа ду аьлла дина иза. ТIаккха, муфтият болх беш яц аьлла, къамелаш девлла. Иза болх беш хилар а, имамаш болх беш хилар а, дIа а хоуьйтуш юкъадаьккхина иза. Наггахь таро йолчу стага, шена луург до.
Ткъа, дукхачу наха къобал а деш, тIелаьцна ду иза. ХIара 5-6 шо хьалха дина ваIда ду".
Зуда ялор-яхийтар таханлерачу заманахь, нахаца къовсадаларан бараме дирзина схьадогIуш ду. И хIума тоххарехь билгалдаьккхина дуьйцуш ду наха а, диндайша а. Тахана-кхана шайга эрна харж яр дIадаккхалур доцийла хаьа гIалгIайн диндайшна.
Амма мацца а и хьал хийцалург хиларх теша уьш.