Шемарчу Мосул гIалахь боьдучу тIамах бовдучу бахархойх 230 стаг вийна жихIадхоша.
ООН-ан адамийн бакъонашкахула йолчу комитето бина и хаам.
"Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхоша бойучу маьршачу нехан терахь хаъал совдаларх дIахьедина комитетан бакъонашларъярхоша.
Организацино хаийтина, Стигалкъекъа-беттан 31-чу дийнахь дуьненаюкъарчу коалицин кеманаша Занджили кIоштана тоьхначу тохарша 80 гергга вахархо вийна хиларх а.
Иштта хьалхо зорбанехь яздора, карарчу беттан хьалхарчу дийнахь даIишхоша 160 мухIажир верах, оцу кIоштара бовдучу хенахь.