Собчак Ксени: "Ма вахийтахьара ахь Амриев нохчийн Iедалан кара"

"Дождь" телеканалан журналиста Собчак Ксенис Белоруссин президенте Лукашенко Александре видеохула кхайкхам бина, Нохчийчуьрчу Iедалан дехарца федералан лехамашка ваьккхина ММА-н латархо Амриев Мурад кIелхьараваккхар доьхуш.

"Ма вахийтахьара ахь Амриев нохчийн Iедалан кара, тахана цуьнан кхоллам хьох боьзна бу. Хьайн цIе дашочу элпашца исторехь язйина хилийта, гIо дахьара ахь оцу кIантана" боху Собчак Ксенис.

https://tvrain.ru/teleshow/bremja_novostej/tolko_vy_mozhete_reshit_sudbu_murada_amrieva_obraschenie_ksenii_sobchak_k_aleksandru_lukashenko-436770/