Your browser doesn’t support HTML5
Шмитц Тимо: „Маршалла! Со Тимо ву, со люксембуржхо ву. Со нохчийн мотт Iамош ву...“
Ша вовзийтинарг вара Люксембургера Тимо Шмитц. 23 шо долу и кIант немцойн-люксембургхойн яздархо ву, хIинцалца схьа шен дийцарш а, байташ а, роман а тIехь йолуш масех киншка арахецна волу.
Нохчийн мотт Iамош ву иза. Нохчийн маттаца цуьнан бала кхачар ларамаза дац – Шмитц Тимо цуьнан шен сайт тIехь яздина ма-хиллара, меттанийн фанатик ву. Цунна шера бийца хаьа шен ненан маттана-люксембургхойчунна-уллохь иштта немцойн, ингалсхойн, францхойн, китайхойн, оьрсийн меттанаш.
Амма царел совнаха цунна баххийн тIегIанна тIехь 50 сов меттанаш девза, аьлла цу тIехь яздина, туркойн меттанаш, масала, я тай-меттанаш, я Тийначу Iапказан гIайгIеранашкахь дехачу къаьмнаша дуьйцу полинезийн меттанаш.
Кавказхойн меттанаш а ду Шмитц Тимос толлучарна юккъехь, чергазойн, суьлийн а, нохчийн.
"Суна Нохчийчоь чIогIа интересе ю"
Нохчийн мотт Iамош иштта цхьа къона люксембургхо вуйла хиъча, Маршо Радио зIене елира яздархочуьнца. Мичара ду хьан нохчийн маттаца бала кхачар аьлла шега хаьттича, и мотт Iамо ша волавелла дукха хан ца хиларе терра, цуьнан баххаш бен ца хаа шена элира люксембургхочо. Цундела кхин дIа долу тхан къамел оьрсийн а, немцойн а меттанашкахь хилира.
Шмитц: „Суна Нохчийчоь чIогIа интересе ю, хIунда аьлча иза вуно интересе мохк бу, цигара Iадаташ а, истори а ю интересе. Нохчийчоьнан йоккха истори ю. Имам Шамалан заманчохь уггаре а мехалох гIаланаш Буйнакский, Веданий хилла. Ведана Нохчийчоьнан дог хилла. Нохчий цхьа боккха доьзал санна бу. Уьш чIогIа къаьсташ бу Малхбузерчу нахах. Нохчийн амалш ю, морале амалш“.
Вайн заманахь нохчийн мотт хаар хьанна а пайдехьа хIума ду аьлла хеташ ву Шмитц Тимо, хIунда аьлча, Кавказехь вуно мехал меттиг дIалоцучу къоман мотт иза хиларна.
Шмитц: „Суна хетарехь, нохчийн мотт хаар чIогIа дика ду, хIунда аьлча иза Кавказехь вуно мехалчу къоман мотт бу. Дера, Кавказехь кхин а ду мехала къаьмнаш. Амма нохчий, чергазой, авархой уггаре а мехалох къаьмнаш хилла глобалечу Кавказан исторехь. Нохчий цигахь мехала рол ловзош хилла. Нагахь санна цхьаъ Нохчийчоьнах кхета лууш велахь, иза нохчех кхета веза. Ткъа нохчийн мотт цигахь вуно мехала элемент ю“.
„Нохчийн мотт Iамо иштта дукха хала дац, цуьнан граматика атта ю"
Нохчийн мотт Iамо хала дац бохуш дийцира Шмитц Тимос кхин дIа. Дуьненчохь а, Кавказехь а цул халох дуккхаъ меттанаш ду аьлла хета цунна, ша а полиглот хиларх терра меттанийн хьал дика девзаш волчу. Нагахь санна нохчийн мотт боккъал а Iамо лууш цхьаъ велахь цуьнга иза атта Iамалур бу. Бакъду, шен башха хала меттигаш а ю нохчийн маттаца аьлла билгалдаьккхира цо.
Шмитц: „Нохчийн мотт Iамо иштта дукха хала дац. Цуьнан граматика атта ю. Амма халаниг ду, масала, ву, ду, бу, ду боху дешдакъанаш лелор. Муьлхачу дашна ву ала деза, муьлхачунна ду, муьлхачунна бу, - иза хала ду. Иштта хала фонемаш а ю, тхан маттахь йоцу. Масала, вуно дукха к элпаш ду, к, кх, къ, кI – ца хаа суна-м, дукха ду-кх уьш. Амма суна хетарехь, цхьаъ боккъал а нохчийн мотт Iамо лууш велахь, иза иштта хала дац“.
Къоначу яздархочунна а, меттанийн говзанчина а хетарехь, Нохчийчоьнний, Люксембурганий юккъехь дуккъаъ цхьатера хIумнаш ду. Ший а жима ши мохк бу, ший а къам хьошалла вуно деза лараран Iадат лардеш а ду.
Шмитц: „Тхо, люксембургхой, тхо даима а дикчу дагца хьеший тIеоьцуш ду. Нохчий а бу иштта. Тхан иштта дукха лаьмнаш дац, шу санна. Да-м ду тхан лаьмнаш, амма Кавказехь санна лекха дац. Суна хетарехь, нохчий бевзаш дукха адамаш тхо долчехь ца хилар ю проблема. Тхайнарг санна жима мохк бу иза. Дукха адамашна ца евза Люксембург, иштта Нохчийчоь а ца евза дукхачарна“.
Нохчийн къомалахь бIешерашкахь дуьйна лелла Iадат ду, кхечу махкарчу нахаца доттагIаллаш а, гергарлонаш а кхабар. Тимон а бу хIинцале а нохчашна юккъехь гергар доттагIий. Ма-дарра аьлча, иза хIинца Тимо а вац, Айтакхалойн Тимур ву. ХIунда муха дуьйцу Тимоца шен доттагI санна тIеэцначу Нохчийчоьнан вахархочо Хасимиков Сулбана.
"Тхо дикка девзича ас элира цуьнга, хьуна нохчийн цIе тилла лаьа суна, ас хьуна Тимур цIе туьллу"
Хасимиков: „Соьга хабар деара Фейсбукехь, „ваша, де дика дойла хьан“ аьлла. Нохчийн маттахь дара иза. Тхойша хабаре ваьлча, кIант, хьо мичара ву аьлла хаьттира ас. Цо ша Люксембургера ву элира. Суна цо забар йо моьтнера, ой и хIун бохург ду, хьо муьлхачу юьртара ву хьо аьлла хаьтти ас.
Юха цо кхетийра со, ша боккъал а цигар ву аьлла. Ша вайца гергарло дезаш ву, нохчийн мотт Iамош ву ша элира цо. Жима велахь, дуккхаъ киншкаш арахецна ву иза. Дуккхаъ цуьнгара масала эца йиш йолуш, иштта цхьа тамашийна кIант хийтира суна иза. Ас цул тIаьхьа хенаца тхо девзича элира цуьнга, хьуна нохчийн цIе тилла лаьа суна, ас хьуна Тимур аьлла цIе туьллу аьлла.
Цунна иза чIогIа хаза хеттера. Цхьаммо элира, Тимурна метта вай цунна Темарсолта тилла еза, аьлла, делахь, Темарсолта вай кхунах воккха хилчахьана эр ду аьлла сацам бира оха. Юха ас эли, тхан нохчийн Iадат ду, цхьа стаг шайн тайпане тIеоьцуш, ас хьо тхайн айткхалойн тайпа схьаоьцу, аьлла. Иштта гергарлонаш ду тхан цу кIантаца кхолладелла“.
Сулбана шен къамелехь иштта билгалдаькхира, шаьш лоруш, шайна тIегIерташ болу хийрачу къомах нах нохчаша вайн дайшкара дуьйна схьа дIатоттуш ца хилла, тIеозош хилла, аьлла.
Йоллучу Нохчийчохь а вевзаш а, дукхавезаш а хилла волчу немцойн къомахчу нохчочун Вайсерт Мохьмадан а, цуьнан тIехьенан а масала далийра цо, бакъволчу нохчочун санна.
Иштта нохчийн гергар стаг Шмитц Тимо я Тимур а хир ву аьлла хета Сулбанна.
Шен рогIехь Тимо сатессина ву Нохчийчоьнца а, цуьнан адамашца а уьйраш чIагIйан. Нохчийн маттахь байташ язйо цо, церан говзалла хIинца а мелла а кхиа езаш елахь а. 2015-чу шарахь яраяьлла иштта цуьнан Нохчийчоьнах лаьцна киншка а. „Нохчийчоь а, Кавказехь цуьнан рол а“ ю цу киншкан цIе.
Тамашийна хир дар Маршо Радион ладогIархойн Iодика а цо нохчийн маттахь ца йинехь.
Шмитц Тимо: „Суна Нохчийчоь чIогIа еза, нохчий дика адамаш ду. Баркалла. Iодика йойла. Марша Iойла!“.