Шляпа-Жимахверг Тывара дIавуьгуш ву Красноярске

Оьрсийчура "низамехь къу" олуш волу Шляпа-Жимахверг (Гегечкори Руслан).

Низамехь къу лору Шляпа-Жимахверг (Гегечкори Руслан) Тывара дехьавоккхуш ву Карсноярскан махка, хаам бо “Росбалт” агенталло. И стаг вен кхачийна ву «цIе лелачу» нохчаша а, дагестанхоша а.

«Росбалто» хьалха дийцина ма хиллара, церан дов долуш хилларг иштта ду. Хан такха Тыварчу колоне хьажийначу Гегечкори Русланан дов даьлла хилла бухахь болчу нохчашца а, Дагестанерчу къаьмнийн векалшца а.

Вовшана луьш цо маьттаза багатоьхна нохчийн къомах лаьцна. Нохчочо Гегечкорина тоьхна. Циггахь вовшахлетта кавказхой а, Гегечкорина тIехIиттина тутмакхаш а. Латар дIадирзича нохчий а, суьйлий а маьждиге бахана ламаз дан.

Дукха хан ялале, шеца иттаннаш тутмакхаш а балош, маьждиганна чуиккхина Гегечкори. Цара къиза йиттина ламазе хIиттинчарна, маьждиг а дохош. Хилларг сихха даьржина Кавказерчу диаспорашна юкъахь, уьш вуно эргIада а бохуьйтуш.

И дов дерзо гIерта кху муьрехь бехкевечун да Шляпа-Воккхахниг (Гегечкори Роланд), цуьнан гонера кхиболу мафиозеш, боху Оьрсийчоьнан прессо.

Бекхамна арабевлларш кхераме а лоруш, Шляпа-Жимахниг кхечу набахте а ваьккхина, верах хьалхавалийта гIерта Оьрсийчоьнан набахтийн системан урхалла, чIагIдо Росбалт-агенталло.

Оцу хьостано дийцарехь, дов дерзо ницкъберг лохуш, Гегечкорин агIоно тIутмакхашлахь, криминалитетехь «дош лелачу» массех нохчийн лидере дехна маслаIат дар. Иштачийн могIарахь ву, масала, Батукаев Iазиз. (Интерполехула иза лохуш ду ГIиргIазойн Iедал, ткъа веха Батукаев Нохчийчохь).

Дов дерзаза ду цкъачунна. Я доьрзур а дац Шляпа-Жимахчо ша эшамбина нах къинтIера баххалц, аьлла хета Росбалтца къамел хиллачу криминалан авторитеташна.

Карарчу хенахь Шляпа-Жимахверг ву Ачинск гIаларчу талламан изоляторехь. «Росбалто» дийцарехь, иза эххаре а дIакхачо мегаш ву Минусинскерчу къевлинчу набахте.